ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кеманан билеташ деза хиларан бахьана къастор ду антимонополин урхалло


Соьлж-ГIалара аэропорт
Соьлж-ГIалара аэропорт

Соьлж-ГIалара Москва кеманан билеташ луларчу ГIалгIайчохьчул хаъал деза хиларан бахьана къастор тIедожийна Нохчийчуьрчу Iедало Федералан антимонополин сервисан меттигерчу урхаллана, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цунах лаьцна хаам бинчу Нохчийчоьнан экономика кхиоран министро Идрисов ИбраьхIима дийцарехь, кеманан билетийн мехаш цу кепара хила йиш яц, дIасалеларан хьелаш цхьатерра хилар а, некъахой дIасалелориг изза компани хилар а тидаме эцча муххале а.

Соьлж-ГIалара Москва а, Несаран Магас аэропрортера Москва а бечу некъан бохалла ю цхьатерра ала мегар долуш. Соьлж-ГIаларчу аэропортера - 1499 километр, ткъа Магас аэропортера - 1481 километр. Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а шина аэропортана юкъахь яц 80 километр а бен.

ТIехула тIе галдаьлларг лору Нохчийчохь Соьлж-ГIалара Москва кеман билеташ цхьадолчу деношкахь маситтаза дазлуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG