ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера Шема вахарна - 10 шо


Артиклан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Саидов Тимур

Турчаев Хасанбекна набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийна Францехь. Исламофобашна кхин тIе а бахьана хIоьттина цунах.

Дахначу кIирандийнахь протестхойн акци дIаяьхьира Францехь шо шаре кхуьучу исламофобин ницкъашна дуьхьал. Официалан хьукматашкахь коьртахь йовлакхаш лелорах дийцадаккхар къовсаме дирзира цхьа могIа бусулбанашна а, националистийн хьежамаш болчу нахана а юкъахь. Оцу юкъанна францхойн хаамийн гIирсаша зорбане даьккхира, Шемарчу тIеман конфликтехь дакъалаьцна ву аьлла, нохчочунна Турчаев Хасанбекна 10 шо хан тохарх.

Соьлжа-ГIалахь вехаш хиллера Турчаев Франци кхачале. Республикерчу энергетикан министр лаьттина ву цуьнан да. 1990-чу шерашкахь нохчийн пачхьалкхан университетан юридикан факультет чекхъяьккхира Хасанбека. Бехкзуламан гIуллакхош толлучу декъехь болх а бира цо. Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалацарна, махкара араваьлла, Малхбузехь ваха вийзира цуьнан. Шен долахь 4 зуда а йолуш, цара дина дуккха а бераш а долуш ву иза.

Меттигерчу зорбанаша яздарехь, 2002-чу шарахь Франци веанчу Хасанбекна политикан тховкIело елира. ТIаьхьо, 2008-чу шарахь Францин паспорт делла, пачхьалкхан вахархо вира цунах. Страсбурган кIоштарчу Эльзас провинцехь вехаш вара иза тIаьххьарчу хенахь.

2005-чу шарахь радикалан исламан экстремисташца уьйрашкахь ву аьлла, къайлахчу сервисаша шайн тергоне эцнера Турчаев. Делахь а, и шеконаш йоллушехь деллера цунна францхойн паспорт а. Цул тIаьхьа 7 шо даьлча лецира иза, Шемарчу конфликтехь дакъалаьцна ву аьлла.

Шега хеттарш дича, бакъ ца дира Турчаевс, ша Шемахь хилла ву бохург. Амма тIаьхьо мукIарло дира цо, 2013-2014-чу шерашкахь Шема ваханера ша, амма шен вежарий кара а бина, уьш цигара цIаберзон лаам болуш араваьллера аьлла. Аьтто ца белира шен хIетахь цигахь, ший а ваша Шемахь кхелхина лоруш ву шен аьлла цо.

Кхелан кхеташонехь психолога дIахьедира, Нохчийчохь коьртана чов йина хиларца далийтина хила тарло цо шегара гIалат аьлла. Ткъа кхайлаха сервисаш тешна ю,Турчаев тIемашкахь а хилла, эккхийтархой кечбеш, болх бина а ву аьлла. Турчаевн психикаца дуккха а лазарш ду аьлла, дIакхайкхийра адвокаташа, амма хIетте а кхело чоьте ца ийцира церан дIахьедарш.

Цхьана заманчохь "эмир" лаьттина ву иза цхьахйолчу тобан аьлла, тоьшаллаш далийна кхелахоша. Дуьйцург ду, ООН-о террорхойн яц аьлла, дIакхайкхийначу "Ахрар аш-Шам" тобан гара. Ткъа Турчаевс даредира, шина кIиранчохь бен "эмир" лаьттина вац ша аьлла.

"Со тIамтIехь волчу хенахь цхьана группан куьйгалхо вийнера, царна цу тобанхойн урхалле хIотто стаг хьашт хиллера. Кегийрхойн ларам бара соьца, цара дехар дира соьга шайн лидер хилахьара аьлла", - бехира бехкевечо. Шина кIиранчохь бен ца дира ша боху цо тобан куьйгалла, цул тIаьхьа оцу дозанера аравелира ша.

"Шеман тема дIакъевлина ю суна. Набахтено дуккха а хийцина со. Суна оьшург, сан доьзал бу", - аьлла, дIахьедина Турчаевс шена тIаьххьара дош делча.

Ша тIелаьцначу пачхьалкхна баркаллаш баьхнехь а, къайлахчу сервисаша, цо шен вешица дина хилла, Iорадаьхначу къамелаша, шеконашка дохку цуьнан дешнаш, цуьнан Францига болу ларам а.

Турчаев Францин вахархо ву, иза пачхьалкхера аравоккхийла дац. Амма билгалдаккха догIу, тIаьххьарчу шерашкахь Франци каде хьийза, Интерполан лехамашкахь болчу Оьрсийчоьнан бахархошна экстрадицеш еш.

Масала, кху шеран Гезгмашин-баттахь Нохчийчохь хиллачу Германин социал-демократин партин бундестаган депутато Швабе Франка дIахьедира, Нохчийчоь - ша тайпа регион ю аьлла.

"Нохчийчохь адамашна болчу кхерамийн тидам бан беза, цигара ситуаци тIе ца лоцу мухIажирш дIахьийсочу кхечу Европан пачхьалкхашкахьчул а къаьсташ ю. Цундела царна тховкIело кест-кеста яла еза", - аьлла Швабес.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG