ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу политикехь къахьегарна "эвларчу могIарера кIант-стагана" Кадыровна баркалла аьлла Госдуман депутато


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Цхьааллин Оьрсийчоь" фракцин декъашхочо Госдуман депутато Петров Александара видеокхайкхам дIаязбина Кадыров Рамзанан тидам тIеберзош. Цу тIехь цо баркалла аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу политикехь кхиаме къахьегарна. Цунах лаьцна хаам бо Dumatv.ru сайто.

Шен кхайкхамехь Петровс дуьйцу, ша хIинцца СаIудийн Пачхьалкхара цIавеана хиларх а, ша цецваьлла хиларх а меттигерчу журналашкахь а, газеташкахь а Кадыровн сурташ дукха хиларна а, ткъа иштта меттигерчу бахархоша Нохчийчоьнан лидер лоруш хиларна а.

"Иза билгало ю хьо хIинца дуьненаюкъара политик хиларан. Суна иза нийса некъ хета, дуьненаюкъарчу политикана а, Оьрсийчоьнан Iаьрбийн пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашна а Iаткъам беш волчу могIарерчу кIант-стага дIакхоьхьуш болу", - боху депутато.

Znak.com зорбан гIирсо яздарехь, Петров хьалха болх бина ву Нохчийчоьнца. 2014-чу шарахь иза Хьалха-МартантIехь хилира, цигахь ян езара аьлла, ша хьалхатеттина йолу гемодиализан центр (жаннаш лозучу нахана дарба ден клиника) яр муха дIадоьдуш ду хьожуш. Цу проектан мах бу 120 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG