Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхаарин дийнахь журналисташна хьалха къамел деш юха а хьахийна Нохчийн Республикера Гуьржийчу некъ билларца доьзна хаттар. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Кадыровс дийцарехь, цу тайпа некъ вуно маьIне бу ерриг а Кавказана. "Итум-Кхаьллара Гуьржийчу 40-50 минотехь кхача аьтто бу, цигахь некъ бара тхан. Нагахь цу тайпа некъ биллахь, Туркойчухула Европе а кхачалур ду, Къилбаседа Кавказана иза вуно оьшуш некъ бу", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Кадыровна хетарехь, Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ биллар дийцаре дан деза федералан Iедалийн тIегIантIехь. Цо ша сатесна ву, бохура гергарчу хенахь и хаттар Iаморца боьзна болх дIаболор хиларе.
Дагадоуьйту. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а доза машенахь маьрша хадо аьтто берг ю Къилбаседа ХIирийчоьнан территори тIехь йолу "Лакхара Ларс – Дариали (хилла Казбеги)" олу КПП.
Ломарчу Итум-Кхаьллара Гуьржийчуьрчу Ахметан кIошта боьду трасса билла болийра Нохчийчохь хьалхара тIом дIабирзинчул тIаьхьа. Гуьржийчоьно некъ биллар сацийра 1998-чу шарахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?