ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

УНА-УНСО-н куьйгалхойх волу Мазур цIавирзина Украине


Мазур Игорь
Мазур Игорь

Оьрсийчоьнан дехарца Польшехь лаьцна хилла УНА-УНСО-н гIаьнтден когаметта Мазур Игорь цIавирзина Украине кхаарин сарахь. Цунах лаьцна шен Фейсбукерчу агIонехь хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Геращенко Антона.

Мазур юхавирзина хилар тIечIагIдина Украинин омбудсмено Денисова Людмилас а. Цо дийцарехь, кхечу украинахошца Варшаве конференце воьдуш кху беттан 9-чу дийнахь Польшехь лаьцна Мазур Украинин территорина тIеваллалц цунна юххе ваьлла хилла Украинин Люблинера инарлан консул.

УНА-УНСО-н куьйгалхойх волу Мазур лацаран бахьана дара Нохчийчуьрчу тIемашкахь шайна дуьхьал тIом бина аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша иза дуьненаюкъарчу лехаме велла хилар.

"Ас тIемашкахь дакъа ца лецира, со вара цу хенахь Нохчийчоьнан территори тIехь, амма тхо цига даханера журналисташ санна, ткъа со болх беш вара "Маьрша Кавказ" (Свободный Кавказ) пресс-центрехь", - элира Мазура Люблинехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG