ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно дIалуш бу даIишхой


Материалан язйинарг таджикийн Озоди Радио ю

"Исламан пачхьалкхан" тобанехь тIемаш бина бу аьлла, шеконашца дIалецна кхечу пачхьалкхашкара нах дIабала болийна Туркойчоьнан Iедалхоша. Дахначу оршотдийнахь туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вахархо шаьш хIинцале а дIаваларх.

Ишта дIакхайкхийра, еаридийнахь Германин ворхI вахархо а дIахьажош ву аьлла. Депортаци ян кечвеш ву Францера 11 стаг а, даIишхой лаьттина Ирландера а, Данера а бахархой а. Шаьш схьабевллачу мехкашка дIахьийсош бу и нах. Европан пачхьалкхийн оцу хьокъехь реакци муха ю цкъачунна хоуьйтуш дац.

Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа хьалхо дIахьедира, Шеман къилбаседанехь дукха хан йоццуш шаьш йолийначу операцехь 300 кеп-кепарчу пачхьалкхийн бахархой – "Исламан пачхьалкхан" тобанхой шаьш дIалецна хиларх. Цул совнах, кхечу пачхьалкхашкара эзар сов радикалан хьежамаш болу нах а бу туркойн набахтешкахь латтош.

ДаIишойх дIакхеттачу, шаьш йийсаре эцначу нахаца бала цахиларна ЭрдогIана масийтазза емалйира Европан пачхьалкхаш.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда а кхайкхамбира Европан мехкашка, "Исламан пачхьалкхан" агIор тIемаш бина, Шемарчу курдойн набахтешкахь латтош болу шайн нах тIеэца аьлла.

Курдашна дуьхьал Шеман къилбаседанехь туркоша операци йолийначу юкъанна, хаамбарца, масех бIе стеган вада аьтто белира набахтера. Цхьа могIа Европерчу пачхьалкхаша, Британино а цхьана, шайн мехкан бахархойн бакъонех бехира цхьаболу Шемарчу а, Иракъерчу радикалан исламхойх дIакхетта шайн нах. И бахархой шайн-шайн мехкашка дIабахийта дагахь ю Туркойчоь, амма хууш дац, тIеоьцур буй-те уьш цара.

Иштта, билггал ца хаьа, Шемахь карабаьхкина, депортацина кечбинчу нахалахь Таджикистанан бахархой бу йа бац. Хьалхо таджикийн Iедалхоша дIахьедора, масех шо хьалха Шемарчу тIемалойх дIакхетта хиллачийн мухIажирийн каппашкахь 575 зуда а, бер а ду аьлла. Озоди Радиога Таджикистанан Iедалхойн гонашкарчу хьостано хаамбарехь, дукхахболу таджикхой "Ал-Хол" олучу Хасакия провинцерчу куьпахь латтош бу.

"90 зуда а, 200 сов зудабер а, 240 кIант а ву цигахь, тхан зерашца. Цхьана шарера вуьрхIийтта шаре девлла бераш ду уьш. Царех 134 бер тIаьххьарчу шина шерачохь дуьненчу даьлла ду. Оцу берех дукхахдерш тIехь да а, нана а доцуш буобераш ду. ХIара-м тIаьххьара статитистика яц, ма-дарра аьлча, Таджикистанан бахархой кхин а дукха хила тарло цигахь", - аьлла, билгалдаьккхина хьостано.

Цо далхорехь, Багусан регион мукъаяьккхинчул тIаьхьа, кхечу мухIажиршца- даIишхойн доьзалшца цхьана мигрантийн куьпахь дIатарбинера тIаьххьарчу шерачохь таджикийн зударий а, бераш а.

Кху бIаьста Таджикистанан Iедалхоша, тIемашкахь байинчу, йа байначу дайн, набахтехь такха яккхий хенаш йиттинчу нанойн 84 бер цIа далийра Иракъера. Ишта дIахьедира цара, луларчу Шемара шайн нах цIаберзон некъ боккхуш ду шаьш аьлла.

Делахь а, Iедалхойн хаамашца, оцу бахархошна депортаци яран хьелаш цкъачунна дийцаре данза ду. Шина пачхьалкхна юкъахь оьшуш долчу кехаташна куьйгаш яздан деза цкъа хьалха, программа кхочушъян йолаялале аьлла, билгалдаьккхина Таджикистанан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Таджикистанан Iедалхоша еллачу информацица, 2014-чу шарера схьа дуьйна мел лахара а 1 900 церан пачхьалкхан вахархо дIакхетта хилла Шемахь а, Иракъехь тIемаш бечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG