Гуьржийчоьнан премьер-министран Оьрсийчоьнца юкъаметтигашкахула леррина векал волчу Абашидзе Зураба дIахьедар дина, нохчийн Итум-Кхаьллара гуьржийн Шатили боьгIу некъ схьабаьлла дагахь дац шаьш аьлла. Цул сов и хаттар цкъа а дийцаре а ца дина, аьлла цо. Цунах лаьцна хаам бо Kvira.ge сайто.
Цу кепара комментари йина Абашидзес Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ биллича дика хир дара аьлла юха а хьахорна.
Кхаарин дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш Кадыровс дIахьедира цу тайпа некъ вуно маьIне бу ерриг а Кавказана аьлла. "Итум-Кхаьллара Гуьржийчу 40-50 минотехь кхача аьтто бу, цигахь некъ бара тхан. Нагахь цу тайпа некъ биллахь, Туркойчухула Европе а кхачалур ду, Къилбаседа Кавказана иза вуно оьшуш некъ бу", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Кадыровна хетарехь, Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ биллар дийцаре дан деза федералан Iедалийн тIегIантIехь. Цо ша сатесна ву, бохура гергарчу хенахь и хаттар Iаморца боьзна болх дIаболор хиларе.
Дагадоуьйту. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а доза машенахь маьрша хадо аьтто берг ю Къилбаседа ХIирийчоьнан территори тIехь йолу "Лакхара Ларс – Дариали (хилла Казбеги)" олу КПП.
Ломарчу Итум-Кхаьллара Гуьржийчуьрчу Ахметан кIошта боьду трасса билла болийра Нохчийчохь хьалхара тIом дIабирзинчул тIаьхьа. Гуьржийчоьно некъ биллар сацийра 1998-чу шарахь.