ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу "Цхьааллин Оьрсийчоьно" харцдина цу парте нуьцкъала бюджетникаш дIаоьцуш бу бохург


"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Нохчийчуьрчу декъан исполкоман куьйгалхочо Динаев Iадлана харцбина бюджетникаш нуьцкъала цу парте дIаоьцуш бу боху хаамаш. Цо дийцарехь, иза рогIера юкъакхоссар (вброс) ду зорбан гIирсаша дина долу, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Шайна оьшуш хIума дац партин куьйгалхошна хьалха муьлхха а гайтамаш алсамбахар, аьлла Динаевс.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, бюджетникаш нуьцкъала "Цхьааллин Оьрсийчоь" парте дIаоьцуш хиларх лаьцна хаамаш хIинца а кхочуш бу Нохчийчуьра. Иштта, нагахь Лахьанан-беттан 13-хь Соьлжан кIоштарчу цхьана берийн беша 10 анкета даийтина хиллехь, 14-хь цига тIеяийтина кхин а иттаннаш бланкаш.

ДIадаханчу кIиранах Нохчийчуьра "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъан куьйгалхо хIоьттира меттигерчу парламентан спикер Даудов Мохьмад. Ша цу дарже хIоттийначул тIаьхьа Даудовс дIахьедар дира, шайн парте бовла лууш болу нах тIахьарчу хенахь хаъала алсамбевлла хиларх лаьцна. Стенца доьзна ду иза ца дийцира Даудовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG