ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIеман полисхоша шайн Iуналле эцна Шемахь Iамеркахоша дIатесна тIеман база


Шема -- Кобани гIалан гергарчу эродромера дIабоьлхуш бу Iамеркан эскархой, ГIад. 25, 2019,

Оьрсийчоьнан тIеман полицино шайн Iуналле эцна Шеман къилбаседехь йолчу Кобани гIалана уллера аэродром. Хьалха цигахь дIатарйина яра Iамеркан тIеман база. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

ТIеман полицин лаккхарчу инспекторо дийцарехь, карарчу хенах сапераш толлуш бу Iамеркахоша Лахьанан-беттан 13-чу дийнахь дIатесначу цу объектехь лелха хIуманаш ю-яц.

РИА Новости агенталло билгалдаккхарехь, ГIадучу-бутт чекхболуш ХIирийчуьрчу аэродромера Шема хьажийра Нохчийчуьра 300 тIеман полисхо.

XS
SM
MD
LG