ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан проспектехь тӀеттӀакхетта ши машен


Некъан хьовзам хилла Нохчийчохь Соьлж-ГIалин юккъехь Путинан проспектехь. Цигахь тIеттIакхетта "Дэу Матиз" а, "Тойота Камри" а. И бахьана долуш лазийна ву ши стаг - "Деу"-на урхалла деш хилла 66 шо долу меттигера вахархо а, цуьнан машенахь хилла некъахо а.

Дархой дIакхачийна хилла Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусаме. Цигахь лоьраш гIо динчул тIаьхьа и шиъ цIавигина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаy Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, некъан хьовзам хилла «Дэу Матиз" машенлелорхочо некъан билгалоно бохург кхочуш цадар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG