ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оцу боларца вай скифийн а, цIарматийн а тукхамашна тIекхочур ду". Нохчийн историкаш къевсина "ГIалгIайн тайпийн кхеташоно" дало бахьанаш


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

БIаь шо а, кхин а хьалха а арахецначу кехаташна тIе а тевжаш, "ГIалгIайн халкъан тайпийн кхеташо" дозанаш хийца гIертар чекхдера долуш хIума дац, Кавказера къаьмнаш дехачу меттигийн дозанаш цул тIаьхьа кхоччуш хийцаделла хиларна, аьлла дIахьедар дина нохчийн историкаша. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино, "Кавказский узел" порталана тIе а тевжаш.

Нохчийн политолог а, историк а Мартагов Руслан реза вац ГIалгIайчоьнан территореш а, дозанаш а билгалдахаран юкъараллин комиссин гIантдас Гойгов Асхьаба Соьлжан го Нохчийн автономин кIоштах дIатоьхнера гIалгIайн халкъан лаам тидаме а ца оьцуш, бохуш дуьйцучун.

"Иза вуно къовсаме хетарг ду. Цу хаттарехь, суна хетарехь, гIалгIай тIехбевлла. Пригородни кIоштах дерг аьлча, бакъду, къуьйсийла доцуш, и латта гIалгIайн дара, иштта царгахь диса дезаш а ду, хIунда аьлча, реабилитацех лаьцна указ кхочуш дича, шена юкъахь территорин реабилитаци а йолуш, тIаккха Пригородни кIошт, цхьа шеко а йоцуш, гIалгIашна дIаяла езаш яра", - аьлла Мартаговс.

Цо дийцарехь, Соьлжан кIошт цхьа а цаьрца юкъаметтиаг йолуш яц, ткъа вуно хьекъале ду и кIошта нохчийн хиларан. Цу кIоштара 90% бахархой нохчий бу. Историн кIоргалле кхевдича, иштта цигахь бехаш хилла дукхахаберш мухIажираш хилла орстхой. Ткъа царах цIахь бисиначарах цхьа дакъа дIаязделла гIалгIай аьлла, вуьйсуш – нохчий аьлла, цундела къовсамехь бакъхиларан билгало яц иза", - боху историко.

Мартаговна шеко йолуш хета гIалгIай историн хаамашна тIетовжар. "Цу кепарчу боларца вай скифийн а, цIарматийн а тукхамашна тIекхочур ду. Конституцица тIечIагIйина акт ю дозанех лаьцна 1934-чу шарахь тIеэцна, мухха делахь а массо а агIонаш реза хилла йолу. Цунна тIера дуьйладала деза. Иза ю уггар гIоле вариант", - боху эксперто.

Дозанашца доьзначу хаттарехула "ГIалгIайн халкъан тайпийн кхеташонан" позици тIелаца йиш йоцуш ю нохчийн агIонна, - аьлла дIахьедар дина нохчийн историко Мусаев Зелимхас.

"Цара шаьш дIалаьцна Нохчийчоьнан 2 кIошта, ткъа хIеттехь а эшам хиллачеран васт ловзош бу уьш, ширачу нохчийн кицано ма бохху лелаш: 'Нагахь уллера берд хьайна бита лаьахь – къийса дехьара берд!'

Нагахь цара дуьйцучун ойла йича а, теллича а дерриг а церан дIахьедарш тIедогIуш ду цхьана лаамна – мелла а алсам лулахойн латта схьадаккхарна. Соьлжан кIошт цкъа а хилла яц гIалгIайн а, ГIалгIайчоьнан а", - билгалдоккху Мусаевс.

Хьалхо, кху беттан 9-хь, ГIалгIайчохь дIаяьхьначу "ГIалгIайн халкъан тайпийн кхеташонан" гуламо Iедалшна тIедожо сацам бира "дозанах лаьцна Нохчийн Республикица бина "халкъана дуьхьал" барт" юхабаккхар а, ХIирийчьура Пригородни кIошт шайна юхаерзор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG