ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалхошна генара дIа болх бан бакъо лур ю Нохчийчохь


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Iедалан белхахошна генара дIа болх бан бакъо луш низаман проект кечйина Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина экономикан а, территорин а кхиарехула а, махбаран а министро Идрисов ИбраьхIима, дуьйцу "Оьрсийчоь тахана" телеканало.

"И низаман проект тIеэцаро аьтто бийр бу кхин а алсам хьелаш кхолла Iедалан балха эца лаккхара говзалла йолу махкал арахьа а, республикерчу генарчу ярташкахь беха говзанчаш, - даладо цуьнан дешнаш министраллан зорбан сервисо.

Дийцарехь, генара дIа болх бан аьтто болу даржаш билгалдохур ду низамийн акташца. Нагахь Нохчийчоьнан министро хьехочух, аьтто хир бу белхало лаца кху дуьнентIехь муьлхха а меттехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG