Билалов МаIаз
Нохчийчохь юха а долийна хьехо Гуьржийчу боьду некъ биллар. ХIирийчухула болучу «ТIеман-Гуьржийн некъанна» дуьхьал бен некъ санна юьйцу Соьлж-ГIалано шен проект.
Материал кечйина "Кавказ.Реалиино".
Нохчийн лаьмнашкара араболий, Мцхета-Мтианети махкарчу Душетин муниципалитетерчу пхийн Шатили юьрта буьгу прокто некъ.
Ахька а, Iай а, шийла я йовха йолуш, дIасалела таро луш, Шатили боьду некъ биллира цхьа зама хьалха Ичкерин Iедало. МостагIаллехь Iачу Оьрсийчоьно гоне лаьцна кхобучу шайн махканна Гуьржехула дуьненца зIе лоьхура президенташа Дудаев ЖовхIара а, Масхадов Аслана а. Некъ бина баьллийла, иза махканна вуно тоаме буйла, цу тIе, я оьрсашкара а, я гуьржашкара а ахча ца доьхуш, дIахIоттийнийла хиича, вуно огIазъяхана хьаьвзира Кремл.
Нохчийчоьнца шолгIа тIом дIахьош, 2000-лагIчу шерийн юьххьехь, Оьрсийчоьнан тIеман дакъойн технико хIаллакбира Шатили боьду некъ, ткъа шина махка юккъера лаьмнаш делира дозанхойн кара. Яхначу заманашкахь а санна, хала ду хIинца Итон-Кхаьлларчу лаьмнашкахула дIасаваха вахархочунна а, туристна а.
Оцу махка боьду некъ аттачу баккха, ЦIой-Пхьеда кхача туристашна аьтто бан сацамбира Нохчийчуьрчу куьйгалхоша, амма дан ца делла иза хIинца а. «Маьлхан кешнийн» эвлаш лаьтта гуьржийн дозанца, ткъа цига воьду стаг сахьташкахь зуьйш латтаво Оьрсийчоьнан дозанийн дакъоша.
2018-чу шарахь оцу некъанна федералан центран тидам тIеберзо аьтто белира. Некъ чекхбаккха а тарло, элира Оьрсийчоьнан некъийн «Росавтодор» урхаллин буьйранчас Старовойт Романа. Нохчийчоьй, Гуьржийчоьй вовшахъюзу некъ федералан программе биллар дийцаредийр ду, нагахь санна Оьрсийчоьнна гуьржашца барт карабахь, элира цо.
Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан куьйгалхочо, кхушара юха а айдина и хаттар. Хенан йохалла хиндерг ду и некъ биллар, аьлла цо. «Соьга хоьтту, маца бина боккхур бу Орган чIожехула Гуьржийчу боьду некъ. Хан оьшуш гIуллакх ду иза. Некъ оьшу Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а, кхечу мехкашна а», - яздина Кадыровс. Цо дагадоуьйту, машенахь Итон-Кхаьллара Гуьржийчоьнан дозане кхача 40 минот бен ца оьшийла. «Догдоху, Оьрсийчоь уггаре дика лулахо шайна вуйла гуьржий кхетарг хиларх. Эшначохь цо шайна орца массарел хьалха кхачор дуйла», - боху Кадыровс.
"Кавказ.Реалиин" къамел хилира оцу некъан проектан хьокъехь Къилбаседа Кавказан экспертца, Гуьржийчуьрчу стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а Фондан куьйгалхочуьнца Квахадзе Александрца. Хуьлда иза Дагестанера (Суьйлийчуьра Кахете), Нохчийчуьра (Орган чIожехула), я муьлххачу а Оьрсийчоьнан кхечу махкара Гуьржийчу кхочуш - гуьржашна ишта некъ шайна ца оьшу аьлла хета, боху цо.
Шатили боьду некъ (Нохчийчухула) билла бIегIийла дац – иза чекхбала беза Датвиджари-дукъ шеран 7-9 баттахь дIасалела дихкина хуьлу. Цундела маьIна кIезиг ду оцу некъан, боху эксперто.
Ирхенаш, пурхенаш сов дукха а, лард сов кIеда а йолуш, кест-кеста текхаш ду буьйцучу ломара латта. Ца лелало цигашкахула леррина хала некъашца лелон йина машенаш бен.
Квахадзена гарехь, лаххара а 1 миллиард доллар деза Орган-чIажара Гуьржийчу некъ билла. Оцу некъаца Iохкунйолчу меттигашкахь ярташ янне а яц, цундела оццул еза проект Гуьржийчоьнна баккъал а яц оьшуш, билгалдаьккхира цо.
Квахадзес бахарехь, Кадыровс некъан хьокъехь айдинарг гуьржийн юкъаралло тIех тидаме оьцуш хIума а дац. Ткъа ша Кадыровс гуьржий цкъа а ца хьахабо диканна, цундела цуьнан некъан проект Тбилисино тIеоьцур ю бохург а дац бакъ, аьлла хета Гуьржийчуьрчу стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а Фондан куьйгалхочунна.