ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

35 миллион сом лачкъийна Нохчийчохь тIеман гIишлош еш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Иттаннаш миллионаш сом ахча лачкъийна хилар гучудаьлла Нохчийчохь тIеман дакъош кхуллуш Къилба тIеман гонан прокуратурина. Талламхоша къасторца, гIишлош яран вовшахтохаралло алсамбохуш хилла ша бинчу белхан барамаш, ткъа иштта лелош хилла бу аьллачул а лахара мах болу коьчаллаш, яздо "Коммерсанто".

Газетехь болчу хаамашца, цу кепара Пятигорскерчу "ООО 419 УНР" цIе йолчу гIишлошъяран вовшахтохаралло зен дина пачхьалкхана 35 миллион сом барамехь. Курхалла лелорна бехкатакхаман гIулллакх долийна прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG