ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шишани Ал Бара (Тохосашвили Цезарь) лаьцна Украинехь


Шишани Ал Бара, Украинин СБУ-н сурт
Шишани Ал Бара, Украинин СБУ-н сурт

Украинин кхерамазаллин сервисо дIахьедина, Киевна гергахь "Исламан пачхьалкх" тобан хьалханчех цхьаъ волу Шишани Ал Бара лаьцна шаьш аьлла.

"Украинин кхерамазаллин сервисо а (СБУ), Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а (МВД), Iамеркан Коьртачу талламан урхалло а (ЦРУ) цхьаьна дIаяьхначу операцехь Киевн кIоштахь лаьцна "Исламан пачхьлкх" терроран вовшахтохараллан коьртачу куьйгалхойх цхьаъ", - аьлла ду СБУ-н хаамехь.

Дийцарехь, Шишани "Исламан пачхьалкхан" декъашхо хилла 2012-чу шарахь дуьйна. СБУ-но билгалдаккхарехь, "Ахадун Ахат" джамаIатан амир хилла иза 2012-чу шарахь, ткъа 2013-чу шарахь хилла "Исламан пачхьалкхан" тIеман амиран аш-Шишани Абу Iумаран (Батирашвили Тархан) когаметта.

2016-чу шарахь Батирашвили вийначул тIаьхьа иза Шемара дIавахана хилла Туркойчу. 2018-чу шарахь Шишани Ал Бара кхаьчна Украине. Киевна гергахь иза лаьцна ша вехачу цIенна уллехь.

Болчу хаамца, хIинца Шишани ладоьгуш ву шена экстрадици ярна. Муьлхьачу пачхьалкхе дIахьажор ву иза Украинин Iедалша дуьйцуш дац.

Шишани Ал Баран бакъйолу цIе ю Тохосашвили Цезарь. Иза ву Гуьржийчура Панкиси чIожера нохчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG