ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс телефонехула жоп лур ду шена критика йинчу дизайнерна Лебедевна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша телефон тухур ю аьлла Москварчу дизайнере Лебедев Артемийга, цо шен видеокхайкхамехь шена йинчу критикана жоп луш.

"Соьга телефон туьйхира пресс-секретаро Каримов Iаьлвис, ткъа охашимма барт бира маца къамел дийр ду ас Кадыров Рамзанца", - хаам бина Лебедевс RTVi-н YouTube-каналехь "На троих" программехь, яздо Инфо24 сайто.

Дизайнеро дийцарехь, нохчийн хьалханча "дуьххьара хуьлуш вац микрофонан хьалха", цунна карор хир ду шена йинчу критикина дал жоп.

Москварчу дизайнеро Лебедев Артемийс шен Telegram-каналехь гуманизмах лаьцна пост хIоттийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тидам тIеберзош.

Нохчийн хьалханче Лебедевга кехат яздайтинарг ду, Кадыровс ша "байа а, чубохка а, кхеро а кийча ву адамашна юкъахь барт бохош а, эладитанаш даржош а, адамаш эгIош а болу нах" аьлла, дукха хан йоцуш дина дIахьедар.

"Хьо лоруш стаг ву, хьоьгара дуккха а дика хIуманаш девлла, ахь юхаметтахIоттийна дийнна пачхьалкх, хьо веза хьан халкъана, хьоьга ладугIу, хьох кхера а кхоьру. Хьох дукха кхерарна, хьуна жоп лучу метта, цхьа а вист ца хуьлуш Iаш ву. Амма со вист ца хуьлуш Iийр вац", - яздина дизайнеро.

Лебедевна а хета Нохчийн Республикан куьйгалхочунна санна, дахарехь низамел а коьрта хIуманаш нисло аьлла (безам а, доьзал а беза бу низамел а).

"Низамаш кхачаме дац. Амма царал а гIоле дерг адамашна хIинца а цхьа а хIума ца карийна. Бакъонца ен кхел яр ца хилахь, вай юхадоьрзур ду тIулган оьмаре, - билгалдаьккхина цо.

"Ойла яяларан гӀора онда ду дилханал а. Нуьцкъала ларам байталур бац цхьаьнга а. Ницкъаца кхерам бен баккъарлур бац [...] Ткъа и хьайн жIаьлеш шай гуйнехь кхабахьара ахь", - яздина Лебедевс.

Лакхохьа хьахийна ма хиллара, ши бутт хьалха Бесланерчу бахархошка кхайкхам бинера Москварчу дизайнеро "бераш дIадохкий, кхин дIа даха деза аьлла", "бохам бохкарна" уьш бехке а беш. Цул тIаьхь Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархоша кхайкхам бира Iедалшка Лебедевс кечйинчу туризман брендах пайда эцар сацаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG