ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа стаг вийна, 7 лазийна Нохчийчохь тIаьхьарчу 24 сохьтехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьхьарчу дийнахь-бусий 2 некъан хьовзам хилла Нохчийчохь, цхьа стаг а вуьйш, 7 стаг а лазош. Цунах лаьцна хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан зорбан сервисо.

Иштта, Соьлж-ГIалара Шуьйта боьдучу некъа тIехь тIеттIакхетта ВАЗ ши машен. Цу бохамехь вийна 34 шо долу машенлелорхо. Вукха машенна урхалла деш хилла стаг а, кхин а 3 некъахо а охьавиллина дарбанан хIусаме.

Кхин цхьа некъан хьовзам хилла Соьлж-ГIалахь 3 стаг а лазош - шина машенна хьалха хиъна хилла ши стаг а, некъахо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG