ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин тIеман хIордан кхо кема кестта дIалур ду Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьно дIалур ду Керчан хидоькъенхь ша дIалаьцна Украинин тIеман хIордан 3 кема. Иза хир ду ГIуран-беттан 9-хь хила езаш йолу «Нормандин виъ декъашхо» олучу, Германи, Франци, Оьрсийчоь, Украина юкъайогIучу пачхьалкхийн вовшахкхетараллан саммит хилале.

2018-чу шарахь Лахьанан-баттахь Оьрсийчоьнан дозанхоша нуьцкъала дIалецира Керчан хидоькъенехула Азовн хIорда кхача гIерташ долу украинахойн "Бердянск" а, "Никополь" а катерш а, ткъа иштта "Яна Капа" бурам текхо кема а. Оьрсаша дIалаьцнера 24 Украинин эскархо - цу кеманийн экипаж.

Украинин хIордхой бехке бира Оьрсийчоьнан низамаш дохорна, ткъа кхин 9 бутт баьлча уьш хийцира Украинехь лецна болчу Оьрсийчоьнан махкахойх. ХIордан кеманаш латтош ду Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирман Керчан портехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG