Гуларехь арахецна кехаташ яздина Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имама Шемила 1836-1886 шерашкахь. Iаьрбийн маттара уьш гочдина Оьрсийчоьнан Iилманан академин Дагестанерчу талламан центран белхахочо Шехмагомедов Мохьмада, яздо Кавказ.Реалиино.
Книга хIоттийнарг ву Дагестанан халкъан поэт Гамзаев Мохьмад. Цо дийцарехь, зорбане даьхнарш доцурш кхина а арахеца кечдина ду имам Шемилца доьзна 200 кехат.