ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шишани Ал Бара дIавала мегаш ву Украино иза Интерполехула лоьхуш хиллачу Гуьржийчоьне


Шишани Ал Бара (Тохосашвили Цезарь)
Шишани Ал Бара (Тохосашвили Цезарь)

Украинехь лаьцна волу "Исламан пачхьалкхан" хьалханчех цхьаъ Шишани Ал Бара (Тохосашвили Цезарь) лоьхуш хилла Гуьржийчоьно интерполехула. Цунах лаьцна хаам бина Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо (СГБ), яздо "Грузия онлайн" портало.

Оцу хаамца а догIуш, гуьржийн лерринчу сервисашна хааделла хилла 2014-чу шарахь Тохосашвили, Шема а вахана, дакъалаца волавелла хиларх лаьцна цу пачхьалкхан Iедалан ницкъашна дуьхьал. 2015-чу шарахь иза дIакхетта "Исламан пачхьалкх" тобанах.

Тибилисин гIалан кхело Лахьанан-беттан 6-хь Тохосашвили дуьхьал а воцуш кхел йина цунна набахтина чуволла. Карарчу хенахь Тохосашвили лаьцна латтош ву Киевехь экстради яр Iалашонца.


Панкисерчу «Way» юкъараллан радионо бинчу хаамца, Тохосашвили Цезарь дуьненчуваьлла Ахметан кIоштарчу Омало эвлахь. 2018-чу шарахь зорбан гIирсаша хаам баржийра иза вийна аьлла. Цара чIагIдора Тохосашвили а, цуьнан хIусамнана а, бераш а кхелхина бомбанаш а тоьхна бохуш.

Цу хенахь Тохосашвилин доьзало шина дийнахь тезет латтийра шайн кертахь, Деле геч дар доьхуш нах а оьхуш. Жимма хан яьлча Тохосашвилис зIе тоьхна хиллера шен гергарчу нахе, ша дийна хилар хоуьйтуш.

Шишани Ал Бара Киевна гергахь​ лацарх лаьцна хаам бира Украинин кхерамазаллин сервисо. "Украинин кхерамазаллин сервисо а (СБУ), Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а (МВД), Iамеркан Коьртачу талламан урхалло а (ЦРУ) цхьаьна дIаяьхначу операцехь Киевн кIоштахь лаьцна "Исламан пачхьлкх" терроран вовшахтохараллан коьртачу куьйгалхойх цхьаъ", - аьлла ду СБУ-н хаамехь.

Дийцарехь, Шишани "Исламан пачхьалкхан" декъашхо хилла 2012-чу шарахь дуьйна. СБУ-но билгалдаккхарехь, "Ахадун Ахат" джамаIатан амир хилла иза 2012-чу шарахь, ткъа 2013-чу шарахь хилла "Исламан пачхьалкхан" тIеман амиран аш-Шишани Абу Iумаран (Батирашвили Тархан) когаметта.

2016-чу шарахь Батирашвили вийначул тIаьхьа иза Шемара дIавахана хилла Туркойчу. 2018-чу шарахь Шишани Ал Бара кхаьчна Украине. Киевна гергахь иза лаьцна ша вехачу цIенна уллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG