ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГаланчIожан кIошт денъярх лаьцна дийцина цига вахана-веанчу Даудовс


ГаланчIожан кIошт, архивера сурт
ГаланчIожан кIошт, архивера сурт

ГаланчIожан кIошт денъярх лаьцна дийцина цигара белхаш талла вахана-веанчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Цо дийцарехь, Кадыров Рамзана тIедилларца, цу кIоштахь хьелаш кхуллуш ду халчу шерашкахь шайн ярташ дIатаса дезначу бахархошна цIаберза, аьлла яздина цо шен цхьана социалан машанехь, хаам бо Грозный-информ агенталло.

"Иштта ГаланчIожан кIоштахь кхуллуш ю туризман инфраструктура. ЮхаметтахIоттош ю историн тӀаьхьало – тIеман бIаьвнаш а, маьлхан кешнаш а. ЮхаметтахIоттош бу 97 километар йохалла йолу Буммат - Ялхорой - Рошни-Чу некъ", - билгадаьккхина Даудовс.

Шелонаш тIеяр бахьана долуш жимма хийцамаш бан безза шайн, юьхьанцара дагалаьцначунна тIехь, амма болх сецна бац, боху ГаланчIожан кIошт денъярна жоьпаллехь волчу Даудовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG