ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Устрада-ГIалахь мэр лаьттинчу Темирбаевн бехк бу толлуш


Устрада-ГIала
Устрада-ГIала

Устрада-ГIалин мэр Iийна Темирбаев ИбрахIим ша болх бинчу метте зераш дIадахьа валийна хилла деношкахь талламчаша.

"Кавказ.Реалиин" хьостанаша дийцарехь, коьртах боьллина машин тоьрмиг а болуш вигина иза мэрин цIа чу. Мэрехь болхбийраш арабаьхна гIишло чуьра, кхерам тасарца дихкина царна телефон тоха я видео яккха.

Темирбаев бехкево, низамехь а доцуш, нах лецна кхабарна, уьш хьийзорна, гIалин бюджетехь йоцу гIишлош яхка ахчанаш ницкъаша бахархошкара дахарна.

Болийначу талламна тIехьожуш ву дукха хан йоццуш Устрада-ГIаларчу полице ваийтина керла куьйгалхо Цакаев Iалихан. Оцу дарже иза хIоттийна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран воI Алханов Артур а хуьйцуш, Темирбаев лаццале. Ткъа ша Темирбаев чувоьллина латточу оццу Устрада-ГIалин полицехь болхбеш ву цуьнан шен воI Темирбаев МаIа.

«Керлачу газето» («Новая газета») Темирбаев ИбрахIиман цIе яьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен го цIанбеш ву аьлла арахецначу материалехь. Лецна хиллачех цхьаболучара тIаьхьо харцдира шайх лаьцна дуьйцург, амма вацара царалахь Темирбаев.

15 шарахь Устрада-ГIалин коьртехь лаьттина Темирбаев цIеххьана дIаваьккхира даржера кхушеран аьхка. «Керлачу газето» яздарехь, дуккха хан яра Кадыровн «цуьнга безам боцу» - иза мехкан куьйгалхочун дарж караэца гIерташ хьийзачу 2006-чу шарахь Нохчийчоьхь президент лаьттачу Алханов Iалун агIо лаьцна хиллера цо.

Темирбаевс ша лаца бахьана делларг ду, дийцарехь, телефонехула Москварчу а, махкарчу а хьаькамашца-накъосташца дечу къамелашкахь иза Кадыровна лийна хилар. Цуьнан меттиг сихонца дIабелира Кадыровн маьхчига, 28 шо бен доцчу Кадыров Хас-Мохьмаде (Кадыров Исламан шича нисло иза).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG