ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iайша цIаян ларъеш ю цуьнан нана


Евлоева Лидия шен йоIаца Ажигова Iайшица
Евлоева Лидия шен йоIаца Ажигова Iайшица


Материалан автор Михальченко Лидия

Шен йоI цIаяре сатуьйсуш ю, дейишас къиза йиттинчу йоьIан Ажигова Iайшин нана Евлоева Лидия. Кху аьхка куьг даьккхира ворхI шо долчу Iайшин, ткъа цуьнан дейиша бехкейира цуьнца лелийначу къизаллашна. Дукха хан йоццуш йоьIан цхьаъ бен йоцу векал ю аьлла, дIакхайкхийна Евлоева.

ЙоI а яц, хIусам а яц

Цкъачунна шен кIенташца цхьана гIалгIайн Экажевохь шен ненан кибарчигех динчу цIа чохь ехаш ю Лидия. Керлачу хIусамчохь Iер-дахаран хьелаш нисдан дезаш ю иза тIейогIучу заманчохь. УьйтIахь дIасалелаш го котамаш а, цициг а. Уллохь ловзуш ву Iайшин ши ваша Тимур а, ИбрахIим а. Плиеверчу школе оьху ши кIант юкъахваккха дийзира ненан. Евлоева Лидига чохь Iен хIусам яла реза ца хилира петаран долахой, шен воккхахволу кIант вуьгуш Москва йоIана тIаьхьа иза яхначу дийнахь.

Евлоева Лидиян ненан ГIалгIайчуьра цIа
Евлоева Лидиян ненан ГIалгIайчуьра цIа

"Хьалха тхо Iийначу хIусамера Iайшин хIуманаш схьаийци ас тахана, уьш дIасалуьстуш йоллу со, цунна мегарг, жимъеллераг дIаса а йоккхуш", - дуьйцу нанас. Лидияс бахарехь, керла хIусам а, берашна школа а лоьхуш ю иза хIинца.

Хьалхо Плиеверчу хьаькамаша бакъ ца дира, Евлоева иза ехаш хиллачу хIусамера араяьккхина бохург.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентца хиллачу къамелехь юьртдас дIахьедира, Лидия а, цуьнан доьзал а цхьаммо а арабаьккхина бац аьлла. Ткъа Лидия ала дош а доцуш юьсу цунна дуьхьал.

Цо бахарехь, тIаьххьара иза Москва яхна йолуш, кхуьнан нана йолчу баьхкинчу Наьсаран кIоштан администарцин белхахоша кхерамаш теснера, Iайшин 6 шо долу жимахволу ваша ИбрахIим шаьш дIавоккхур ву аьлла. ХIетахь шен ненаца витина хиллера цо жимахволу кIант. Хьаькамийн Лидиян ненаца хиллачу къамелан аудио ю "Кавказ.Реалии" редакцин долахь.Ткъа кIоштан администраци дуьхьал хилира инцидентех дош ала.

"Шен дакхаршца иза ларор яц бохийла дац хенал а хьалха"

Москварчу берийн хирургин, травматологин клиникехь дарба лелош ду Iайшина цкъачунна. Дозанал а арахьарчу дарбан хIусаме цуьнан дIадаьккхинчу куьган метта протез хIоттон йигарх дийцарш ду дIахьош карарчу хенахь. Протез хIоттош ахча дала реза хилла цIарца вуьйцуш воцу спонсор.

Кху аьхка хIара сингаттам Iоттабалале, шо хьалха бен шен йоI гина ца хиллера Евлоева Лидияна. ЙоIана тIехь Iазап латтийначу дейишас Ганиева Маккас бертаза дIаяьккхинера цуьнгара Iайша. ПхоьалгIа бутт а бу Ганиева талламан изоляторехь латтош йолу. ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан векало Берсанов Тимура дIахьедира, йоIана еттарна дуьхьалдаьккхина гIуллакх толлуш ду аьлла, амма полисхойн жамIех информаци ца елира цо.

Евлоева Лидиян нана ИбрахIимца
Евлоева Лидиян нана ИбрахIимца

ГIалгIайн социалан машанийн сегментехь шуьйра дуьйцуш ду Iайшин гIуллакхах а, цуьнан кхолламах а, хиндолчух а. Цхьаболчара хиллачунна нана бехкейо, шен йоIана тIехь ницкъбайтарна. Бакъду, цхьаммо а хьахош вац Iайшин да, хеттарш дан а цкъа бен тIекхайкхина а вац иза.

Наьсаран кIоштарчу кхиазхойн гIуллакхашкахула долчу декъан хьаькамо, полицин подполковнико Могушкова Лайлаа дийцира "Кавказ.Реалиига", Евлоева Лидиян доьзална тахана дечу гIоьнах.

"ХIинццалц Плиевехь ехаш яра Лидия. ХIара дешаран шо доладелча цуьнан бераш гергарчу школе деша дIанисдина оха. Шайна чохь Iен хIусам иза кечйина яьллачул тIаьхьа керлачу школе бераш дехьадохур ду оха", - элира Могушковас.

Кхиазхойн гIуллакхийн декъехь ларлуш дуьйцу Евлоеван берийн хиндолчух.

"ХIаъ, товш дацахь а, терго йийр ю оха берашна латточу хьелийн, ишта бераш школе леларе а хьовсур ду, царна оьшучунна а дIахIоьттина хир ду", - аьлла Могушковас. - Амма нийса дац аьлла хета суна, хенал а хьалха, Евлоева берашца а, шена тIедиллинчуьнца а ларор яц, дика нана а хилалур яц цунах бохуш, дийцар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG