ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн пенсионераш бу уггаре боккхачу эшамехь


Оьрсийчохь пенсионерашна баха уггаре хала регион ю Къилбаседа Кавказ, боху РИА-Новости агенталло хIоттийначу рейтинго. Ткъа иза хIоттош тидаме эцна баккхийчийн экономикера жигаралла, царна кхочу ахча, церан могашалла.

Регионийн тIаьххьарчу могIаршкахь ю Нохчийчоь – 78-чу меттехь. Цул кIеззиг хаьлха ю Кхарачой-Чергазийчоь – 74-гIа меттиг. Дагестан ю 54-чу меттехь. Кавказехь кхечарел гIолехьа беха Ставропол-махкара пенсионераш – 31-гIа меттиг кхаьчна царна Оьрсийчоьнан регионашлахь.

Пенсинерашна уггаре тоьлла хьал ду къахьега меттигаш хиларца а, церан Iуналла дарца а Москвахь а, Петарбухахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG