ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазе цIе яйа кеманаш хьовсийна Оьрсийчоьно


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан орцан министралло кема-амфиби а, бера-кема а дахийтина Абхазе цIерш яйа. 11 гектар хьаннаш ю цигахь тIекхочийла доцчу лаьмнашкахь йогуш, яздо "Апсадгьыл-инфо" агенталло.

Оьршоьтан Iуьйранна цIеяйъархой бара белхаш дIахьош Шираxe Гагранна а, Шийлачу Хинна а гергахь. ХIорда чуьра я гонахарчу ишалш чуьра оьцу кеманаша цIе яйа хи. 5 тонна хи кхачадо оьшучу метте Ми-8 бера-кемано, 12 тонна – Бе-200 кемано.

Кеманийн гIо оьшуш лаьтта меттигера цIеяйархой Сухуман а, Шина Хин Юкъ олучу а кIошташкахь а, Псху юьртахь а.

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин орцан министра Квициния Лева бахарехь, цIаро гIаьттийначу кIуьро аьтто ца буьту махкарчу цIеяйархошна болх эвсаре дIабахьа.

Цкъачунна цIе яйаелла меттиг цхьаъ бен яц – Псху-Гумистара Iедало ларъеш йолу жил-Iаламан куп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG