ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьттаза леларна шен векал балхара дIаваьккхина Ставропол-мехкан губернатора


Владимиров Владимир, Ставропол-мехкан губернатор
Владимиров Владимир, Ставропол-мехкан губернатор

Официалехь шен векал волчуьра Шишманиди Константин дIавоккхуш, бахьана, «маьттаза леларна» аьлла довзийтина Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира. Оцу хьокъехь хаам баржийна «Регион Онлайн» портало.

Шен гIайгIа бохьуш тIевеана хиллачу вахархочуьнга вон вистхилла Шишманиди. Оцу къамелан видео яьржина интернетехь, кхаьчна иза губернаторе а. Хьажна воллушехь, даржах вохийна цо шен векал.

"Раж а язйина, нах тIеоьцучу хенахь мегаш дац уьш дIалехка. Аш нах лехкахь, ас шу дIалоьхкур ду», - аьлла Владимировс. Цо хьехна Ставропол-махкарчу хьаькамашна хилларг тидаме эцар а, ишта гIалат шайгара ца далийтар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG