ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фаргюсонца лата кечлуш ву Нурмагомедов


UFC-латархо, дуьненан чемпион Нурмагомедов Хьабиб тIедогIучу шеран бIаьста лата кечлуш ву Iаьмеркахочуьнца Фаргюсон Тоница, яздо «Дагестан» агенталло.

Оцу хьокъехь ша хаийтина Хьабиба, Примаков Евгенийн цIе лелочу гимназин дешархошца къамел деш.

"Тхойша лата тарло Зазадоккху-баттахь я Охан-баттахь. UFC ю бартбеш. Могашаллина эшамаш хиларца доьзна, доьазза тIехьатоттуш нисделла тхан латар, цундела наха а, ас а сатуьйсу оцу цхьаьнакхетаре. 12-зза тоьлла со, иза а тоьлла 12-зза, хала а, амма лааме а гIулч ю цуьнца латар. Оцунна ойла сайн тIеерзош а, цуьнца лата суо кечвеш а Iа со», - аьлла Нурмагомедовс.

Дукха хан йоццуш UFC-н президента Уайт Дана а элира, «Фаргюссен-Нурмагомедов» латар кечдеш ю шайн лига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG