ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан Конституцин кхело цхьана декъанна харц хIоттийна ду аьлла митингех долу низам


«Дагестан республикехь юкъара барамаш дIабахьарх долу цхьацца хеттарш» цIе йолу низаман № 98 дакъа конституцица ца догIу, аьлла сацамбина Дагестанан Конституцин кхело. Ткъа юьйцу артикл яра мехкан юстицин министралло ХIинжа-ГIалахь я кхечу меттигашкахь гуламаш хIитточарна дукха хьолехь дуьхьалйоккхуш, масала, «Черновикерчу» журналистан Гаджиев Iабдулмуминан агIолоцуш, гуламашка буьйлучарна.

Конституцин кхело юхаяьккхинчу артикло доьхкура Iедалан гIишлошна гергахь гулам хIотто. Кхеле низаман и дакъа мел нийса ду таллар дехнарг вара юрист Магомедов Арсен а, журналист Юсупов Идрис а.

«И дакъа низамна юкъарадаьккхина хIинца, кхин лелар дац. Низамаш арадохучарна дуьсург ду иза низаман текстера дIадаккхар. Юстицин министралло дукха хан йоццуш дихкира тхуна, масала. Танкаевн урамехь гулдала. ХIинца ницкъалара даьккхина и дакъа», - элира «Кавказ.Реалиига» Магомедов Арсена.

Терроризмна ахча латтийна аьлла, бехкевечу Гаджиев Iабдулмуминехьа гулам хIотто чубелла 500 лаам юхабаьккхина юстицин министро иза лаьцна латточу 5 бетта чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG