ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

32 бер арадаьккхина Иракъера – нохчийн, гIалгIайн, хIирийн дагестанхойн, кхечу къаьмнийн


Оршоьтан сарахь Оьрсийчоьнан орцан министраллин кеманца Иракъера Москва кхачийна 32 бер, хаамбо Regnum-о.

Оьрсийчоьнан 13 махкара ду БагIдадерчу набахтера а, берийн Iойлешкара а цIадалийна бераш. Москвахь реабилитацин барамашкахула чекх а даьхна, дIасахьовсор ду уьш. Къилбаседа-кавказхойх царалахь ду нохчийн, гIалгIайн, хIирийн, дагестанерчу къаьмнийн бераш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу адамийн бакъонехула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас бахарехь, Иракъера схьадалийначу берех шиъ ду нохчех. Цо дийцарехь, набахтешкахь шайн наношца хилла цхьадолу бераш, ткъа вуьйш ду, да-нана делча, Иракъерчу берийн Iойлешка хьийсийна хиллачех.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG