ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисера гулам дIасабоккхуш полицино лаьцна 37 стаг


Гуьржийчоьнан парламентан неIарш лецна, протестан гуламе бевлла лаьттинчу нахах оршоьтадийнахь дийнан сарахь полицино лаьцна 37 стаг. И хаам баржийна, «Керланаш-Гуьржийчоь» агенталло бахарехь, ша Тбилисерчу полицино.

Гулам бохош, пачхьалкхан лерринчу ницкъаша пайдаэцна хитухучу машенех а, бIаьргех хидоккхучу газах а. ХIинца мукъа бу парламентан неIаршка боьлху некъаш, Руставелин майданахь маьрша бу машений некъаш.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло арахецначу дIахьедаро бахарехь, "ГIадужу-беттан 18-чу дийнахь парламентан неIаршкахь акци дIахьош, низаман урхаллийн буьйр кхочуш цадарна а, кхидолу низамаш талхорна а лаьцна 37 декъашхо».

Оццу хьукмато дечу тоьшаллица, гулам бохочу муьрехь лазийна 4 стаг, царех шиъ ву полисхо. Уьш кхачийна дарбан хIусамашка.

Оппозицино а, бахархошларчу жигархоша а хенаца дозадоцу протест кхайкхийра дIадахначу кIиранах. Бахьана дара, конституцин текст юзуш, кхоже яьхна бакъонаш парламентехь чекх цайовлар – 2020-чу шеран рогIера парламентан харжамаш массо а дакъалацархошна цхьатерра бакъонаш кхачош дIабахьарх лаьцна бара бийцаребина хийцамаш.

Конституци хийца оьшура 150 депутатах 113-н лаам. Амма ца белла хийцамехьа кхаьжнаш 101-ммо бен. Хийцам чекх цабалийтинарг ю олигархо Иванишвили Биджинас доладеш йолу «Гуьржийн сатийсам» парти – 3 депутат дуьхьал, 39 – дакъа ца лоцуш, юьстахъIийна.

Конституцино магош йолу харжамийн кепаш шаьш хуьйцур ю кеста, аьлла, оппозицина а, Тбилисехь дуккхаза а хIиттинчу акцийн декъашхошна а дош деллера «Гуьржийн сатийсамо» а, ша Иванишвилис а кхушеран аьхча. Амма парламенто кху деношкахь и хаттар луьстуш ца бина протестхойн лаам кхочуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG