Дагестанера вахархо Юсуфов Заур лаьцна бозбуанчаллаш лелорца доьзна. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-гIоьнчалло дийцарехь, 38 шо долчу Юсуфовс «бух боцу аьттонаш беш хилла низамлардечу хьукматашка нах балха хIиттабо ша, бохуш».
Лаьцнарг кхиина ша «юхкучу» белхан меттигех 3 миллион 600 эзар сом эца. Бозбуанчаллаш лелорца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал.
"Черновик" газето хаамбарехь, цхьа хан хаьлха Юсуфов болхбеш хилла Оьрсийчоьнан федералан кхерамзаллин хьукматан Дагестанерчу урхаллехь (ФСБ-хь).