ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецино махкахдаьхна Берлинехь вийначу Хангошвилин вешин бераш


Швецин Iедало тховкIело ца луш, Гуьржийчу дIахьовсийна кхушеран аьхка, Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Берлинехь вийначу Хангошвили Зеламхин вешин бераш. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаийтина даймахка дIахьовсийначийн дас Зураба. Цо дийцарехь, 20 шо долу Ислам а, цуьнан зуда а, 2I шо долу Керим а Швеце баьхкина шо гергга хьалха, схьакхоччушшехь ехна хилла цара тховкIело а.

"Схьабаьхкина массех бутт балале яхкийтира цаьрга «негативаш», тхо кхелашкахула лелаш дара. Сан ваша вийначул тIаьхьа дара цаьрга кхозлагIа а «цIа гIо» аьлча. Вийнарг цаьрца генара гергало долуш ву, царна Гуьржийчохь кхераме дац баха, хилла бохам царех хьакхалуш бац, аьлла дара деана кехат. Шведаш ца кхета вайн гергарлонех, тайп-тукхамаллех. Иштта дIахьовсийна уьш», - элира Хангошвили Зураба.

Ша Зураб а, цуьнан доьзал а Германера кхаьчна Швеце шо гергга хьалха. Цара а ехна пачхьалкхе тховкIело, амма делла дац жоп цкъачунна.

Хангошвили Зураба дийцарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъаша латточу кхерама кIел бу Гуьржийчохь бисина цуьнан вежарий, яц царна кхерамзалла шайн пачхьалкхера а – вешина Зеламхина 2016-чу шарахь кIелояр ду Тбилисино талланза дуьсуш.

Хангошвили Зеламхе, иза дийна волуш, смс-ш эхийтора бевзашбоцучара, шаьш цунна а, цуьнан доьзална а «таIзар дийр ду», бохуш, шен бераш тешнабехк бан тарлучу махка юхахьовсийна Швецино, аьлла бу Зураба бен леткъамаш.

ХIинца дIахьовсийнарш а цхьана, кхо кIант, цхьа йоI ду Хангошвили Зурабан Гуьржийчуьрчу нохчийн махкахь - Паьнгазахь.

Кхушеран аьхка Берлинерчу Маобит кIоштахь вийра Хангошвили Зеламха. Нохчийчохь ШолгIа тIом лаьттачу 2001-2005-чу шерашкахь тIемалойн тобанна коьртехь хилла а, Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьаллаьттина а вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG