Шинарийдийнахь БотIлихерчу Рахьата юьрто шайн бераш ца дахийтина деша. Уьш реза бац шайн юьртахь школа ца йилларна.
ХIинццалц юьртарчу Iаьндийн чоанаш дечу меттиган дайша еллачу чоьнашкахь Iамабора хьехархоша кегийрхой.
Дешар юкъахдаккхар нийса дац ала, берийн дай-наношка бистхила бахара БотIлихера хьаькамаш. Амма хIора а висина шен-шена хетачунна тIехь.
Ткъа Рахьата юьртан администрацин векало хаийтира «Кавказ.Реалиица» хилларг дийцаредеш, кхаарийдийнахь шайн бераш «школе» ца дахийтинчу доьзалшна гIуда тухург хиларх.
Яра цхьа хан хьалха Рахьатахь школа, амма яьгна кхо шо хьалха. Цул тIаьхьа долийна бераш деша цхьа а аьтто боцчу чоанаш дечу хIусаме кхийла. Шайн бIаьрса эшна хиларх аьрзнаш до дешархоша. Гергарчара дийцарехь, 30 сов бер ду куьзганаш лелош. Шина рогIехь доьшуш хиларе терра, буса бен ца доьрзу уьш цIа.
Дагестанан дешаран министраллица а хилира «Кавказ.Реалиин» къамел. Рахьатахь школа ян ахча делла Iедало, иза дIахIоттор мехкан гIишлошъяран а, коммуналан а министраллина тIехь ду, элира цигарчу гIуллакхъхоша.