ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьо реза ца хилахь - эхь ду"


Материалан автор "Настоящее время" проект

ГIиргIазойчохь маре бига Iалашонца зударий идорах кино яьккхина Iамеркахочо Чанг Юджинияс. Волонтеран болх бан иза еанчу хенахь, цуьнан дешархоша дийцира цунна ала качуу олучу ламастех.

"Дуьххьара кхузахь нускалш идош хиларх цхьан эвлахь хезира суна. Со гIиргIазо ю моьттучу меттигерчу яхархочо, ларлуш хилалахь аьлла, къадийра соьга. Оцу эвлахь суьйранна лечкъош хиллера зудабераш. Ара ма ялалахь элира соьга цу зудчо. Со инзаръяллера, кху заманахь иштаниг хуьлу-те?", - дуьйцу Чанг Юджинияс.

ТIаьхь-тIаьхьа шайн къайленаш юьйцу зудабераш алсамдуьйлура. Ишта тIекхиира Юджиния, ала качуу бохучу дешнийн маьIна "ка а тохий, вада" бохург хиллийла. Дуккхаъчу гIиргIазойн зударийн дахар хилла оцу ламастах доьзна.

"Кест-кеста хаалора суна ишта мехкарий, тIаккха ойла хилира сан, зударий регионашкахь лечкъош бу аьлла.

ГIаланашкарчу бахархоша шайн цу кепара проблема яц олура соьга. Ткъа регионашкарчу йоьIарша кхетийра со, даим а цигахь цу тайпа хIума хуьлуш хиларх, тевехьожийлехь а, газеташ тIехь а цунах лаьцна дуьйцуш дац аьлла", - кхин дIа а дуьйцу Юджинияс.

Эццахь ойла кхоллаелира Юджиниян ала качуух кино яккха. Масех шарахь дийцарш гулдина, сценарий язйира цо. Филм яккха ахча дацара, амма цуьнан сценарий Iаламат чIогIа тайнера режиссерна Нарынов Чынгызна. Цунах лаьцна кино яккха еза аьлла, сацамбира цо.

"ГIалин дуккхаъчу бахархошна хета, и ламаст ширделла ду, регионашкахь шиъ-кхоъ цу кепара йоI ядийна меттиг бу, кхузаманахь лелаш дац аьлла. Амма гIиргIазойн кIошташкахула хьо волавелча а, школашкахь берашка берашка, хьенан-хьенан нана маре лачкъийна йигина хаьттича, классерчу ах бераша бохург санна куьйгаш ийдора. Инзара хIума ду иза", - боху Нарынов Чынгыза.

Массара а вовшахдиттира кино яккха ахча. Юрджинияс хьоьхучу университетерчу студенташа а цхьана дохьура шайг-шайгара жим-тIама ахча. Пхеа шерачохь 50 эзар долларшкахь ахчанах ницкъ кхечира Юджиниян а, Чынгызан а кино яккха. Цуьнан чулацамехь гойту дена шен йоI езарх. Лачкъайо цуьнан йоI, амма дас шен ницкъ мел кхочург до иза цIаялорхьама. Цу кепарниг гIиргIазойн доьзалашкахь наггахь бен хуьлуш дац.

"Наха олу дош дезох ду гIиргIазойн доьзалшкахь вовшийн болчу безамал а. Кегийрхоша бала хьоьгу оцу тIехула. Нехан караяхна йоI, тапъаьлла реза хила еза, ца хилахь – эхь лору. Дена а, нанна а маьIне хета наха шайн доьзалх олу дош", - боху Чанг Юджинияс.

"Ка а тохий, вада" бохург ду гIиргIазойн маттара ала качуу. Ишта нисло йоI ядор:

- "зуда яло гIертачо" а, цуьнан доттагIаша а урамехь ка а тухий, машен чу а хааой, хинволчу цIийнден хIусаме дIаюьгу;

- цIийнда ву бохучун гергарнаш болчу хIусам чу юьгу бертаза йоI;

- ядийначун гергарчара дехарш до йоIе, берта яло гIерташ, ишта ламаст ду гIиргIазойн бохуш;

- нагахь санна, йоI къар ца луш, дIаяха гIоьртий, йоккхо зуда неIсагIи тIе охьаюьжу (казахийн а, гIиргIазойн а неIалт дахар лоруш ду къаночунна тIех ша а яьккхина араялар);

- йоIана деца-ненаца зIене яла бакъо лахь, цара а дехарш до цуьнга, шайн тIе эхь а ца дохьуш, цигахь йиса еза хьо бохуш:

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН)зерашца, ГIиргIазойчохь хIора 24 шаре яланза ворхIолгIа йоI бертаза маре йигина ю. Шайн йоI ядина аьлла, тIьхьарчу пхеа шерачохь 900 стага арз динера. Бехкзуламан гIуллакхаш а ца даьстира царех дуккхачу хиламашна дуьхьал. Цецволийла а дац кхузахь: пачхьалкхан цхьайолчу регионашкахь 40 гергга процент божаршна зуда ядор вон болх бк аьлла ца хета.

Нускалш идорна дуьхьал къийсаман символ хилира шо хьалха лачкъийна дIа а йигина, цул тIаьхьа йийна Бурулай цIе йолу къона йоI. Медицинан колледжан пена тIехь диллина ду Бурулайн сурт. Иза йийначунна 20 шо хан тоьхна набахтехь даккха. Цхьа шой, ах шой даьллачул тIаьхьа резонансе хилла и гIуллакх дицдира махкахь. Хьалха а санна ГIиргIазойчохь зудабераш лечкъош ду хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG