ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еропан Кхеле – Оьрсийчоьно: бакъ дац, ца лела тхан доьзалшкахь къизалла


ХIусамехь доьзалхоша вовшашна тIехь ницкъбар сов дестийна дуьйцу, яц иза «тергаме эццал проблема», аьлла, жоп дахьийтина Оьрсийчоьнан юстицин министралло Страсбургерчу Еропан адамийн бакъонийн кхеле шега цо динчу дIахьедарна дуьхьал. Оцу хьокъехь хаамбо «Коммерсантъ» газето.

Яхначу аьхка Европан кхело листира шега Оьрсийчуьрчу еа куьйгаш доцчу зудчо дина аьрзнаш. Страсбург цецъяккхинарг дара оцу зударийн куьйгаш шайн доьзалхоша даьхна хилар. Царалахь яра, масала, майрачо куьйгаш дIахедийна йолу Серпуховера Грачева Маргарита.

Европан кхело, ша девнаш толлучу юкъанна, хеттарш дахьийтинера Москва, доьзалера къизалла терго ян а йой пачхьалкхан низамаша, хIун гарантеш ю оцу зуламах стагна ларвала, мел дукха зударшна деш хаало и тайпа зуламаш, аьлла.

Оцу хеттаршна ша Европан кхеле хьийсийначу жоьпашкахь Оьрсийчоьнан Iедало аьлла, гIелояр доьхкуш пачхьалкх ю шайниг, «сте-боьрша а ца лоьруш, доьзалехь дина я ца дина а доцуш, до таIзар».

Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедална хетарехь, божарша алссам лов доьзалехь къизалла, амма иза гIарадаланза дуьсу – божарийн амалехь дац шайн доьзал бахьана долуш нахе орцадехар.

Цундела оьшуш дац ша-даьккхина арахеца доьзалерчу гIелонашна дуьхьалоен низам, аьлла Оьрсийчоьнан цIарах хIоттийначу документан авторша. Ткъа Европан кхеле арздина куьйгаш доцу зударий «гIерта хьал тодеш Iедало бечу белхан болар дохон», боху Iедалхоша.

  • Цхьа Оьрсийчоь бен яц Европан Кхеташонан декъашхошлахь доьзалерчу Iазапна дуьхьалоярх долу низам арахецанза йисина. Пачхьалкхан Думе 40-зза чуелла оцу низаман проект, амма ца яьлла дийцаршка а. Лурчаха Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера дIадаьккхина доьзалхочунна еттарна ден таIзар, хIинца иштаниг дисина административан кодексан тергонехь. Бакъоларъярхоша бахарехь, таIзар юкъарадаккхарца беста буьйлабелла доьзалехь дечу зуламийн барамаш.
  • Counting Dead Women Russia юкъарлонан тергамчаша далочу терахьашца, Оьрсийчохь цIийндайша я тIехьийзачу божарша тIаьххьарчу 8 бетта чохь дина зуламаш бахьанехь елла 650 зуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG