Instagram-ерчу "chp_chechenya" канална язвеллачу шина жимчу стага шайна кIинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо а, «мохк а» – уьш «бехке бара» цхьана постна бухахь йозанаш дитарна. Бехказбовлар тIехь долу видео оццу каналехула яржийна шинарийдийнахь, кху беттан 19-чохь.
"Лараме Рамзан Ахматович, ас доьху айса яздинчу ирчачу йозанна къинтIеравалар, иза ас вехна волуш дитинера. Ерриг а Нохчийн Республиканна а, Нохчийн Республикан халкъанна а хьалха доьху ас къинхетам бар. Со дохковаьлла, кхин соьгара дер дац иштаниг», боху шиннах цхьамма, Усманов Нурджигит ву ша аьлла вовзуьйтучо (ник – nuuuuurrrrrrrriiiiiik).
ШолгIачо (ник - asker_khuazhev) дуьйцу, шеца цхьа нах цхьаьнакхийтира, «дерриг а довзийтира», бохуш. Цо ша «ойла а ца еш йоза дитира, чIогIа дохко а ваьлла», боху.
"Доггах доьху сайна бехк цабиллар. ЛартIахь вацара со, дерриг а деддера хье чуьра. Айса яздийриг кхетош а вацара, ткъа тIаьхьо… . Со юхьанца ца кхеттера айса яздинчух, амма кхетийра. Хаьа хIинца суо харц вуйла. ХIинца соьца цхьаьнакхетта, суна хаийтина дерриг а, ас сайна бехк цабиллар а дехна. Ас доггах доьху къинтIерадовлар. Кхин дер дац иштаниг, я соьгара а, я сан гергарчаьргара а…», - яздина цо.
"chp_chechenya" каналан администратора шегара йоза а хIоттийна видео буха. Иза ишта ду: «Сан агIонтIехь оцу шимма боьха комментареш йитинера Кадыров Рамзанах лаьцна, ткъа хIинца, шаьш схьакарийча, Iа боьлхуш, къинтIерадовлар доьхуш».
Карарчу хенахь ца караво Инстаграмехь "nuuuuurrrrrrrriiiiiik" а, "asker_khuazhev" а.
Маршо Радионо кху беттан юьххьехь хаийтина ма-хиллара, Кадыровс гайтира ша шен «сий бехдечаьрца къовсавала» лерина вуйла. «Чувоьллина а, вийна а, кхерийна а» милла а, «мостагIалла даржошверг», сацаваре кхайкхира цо шен го.
Бакъду, тIаьхьо «хийцира» Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша аьллачун маьIна: кийча ву, элира, «массо а резабоцучаьрца сахьташкахь къамел дан».