ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Арахьарчу мехкийн агентех» долу низам шордина Пачхьалкхан Думано


Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума реза хилла «арахьарчу мехкийн агентех» долу низам шордан, адамаш а даха «агентийн» могIара. Масала, «арахьарчу мехкан агент» шайх олуш хир бу журналисташ а, интернетехула хаамаш баржош болу блогерш а, проект низаме яьлча.

Кхечу пачхьалкхерчу хаамийн гIирсашкара я дуьненаюкъарчу хьукматашкара «ахча я кхин хьал» а оьцуш, информаци яржош верг воккху оцу проекто «арахьарчу мехкийн агентийн» могIара.

Думин информацин политикехула, информацин технологешкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Левин Леонида бахарехь, кхоалгIа дийцарш дIахьор ду депутаташа оцу низаман хьокъехь еарийн дийнахь.

2012-чу шарахь тIеэцна Оьрсийчоьнан Iедало «арахьарчу мехкийн агентех» долу низам. Кхечу пачхьалкхера ахчанца гIо хуьлу бакъоларъярхойн юкъараллаш, фондаш яхара оцу низамна кIел. Амма шайна «арахьарчу мехкийн агент» цIе тIекхоллар дастаме а хеташ, дIакъовлаелира дуккха а юкъараллаш. И статус тIеязйина Навальный Алексейн «Коррупцица къийсам латточу фондна» а, бакъолаъярхойн «Мемориална» а, Пономарев Леван «Адамийн бакъонашкахьа» а юкъараллашна. Бакъоларъярхой тешна бу, шаьш оцу статусе а бохуш, Iедало шен гIалаташ емалдечех ша къелхьарадоккхуш хиларх.

«Арахьарчу мехкийн агентийн» статус хаамийн гIирсашна тIекхуллу низам арадаьккхира Пачхьалкхан Думано 2017-чу шарахь. Оцу статусна буха яхийтира Маршо Радио, Iаьмеркан Аз, «Карара Хан» телеканал, Би-Би-Си, «Медуза», МБХ Медиа, кхин а массех хаамийн компани.

«Арахьарчу мехкийн агентийн» статусехь болу хаамийн гIирсаш декхаребо 2020-чу шеран Чиллан-беттан 1-ра де тIекхачале Оьрсийчохь юстицин урхаллашка дIа а язйина, офис латто а, оцу офисехула Iедале терго а йойтуш, журналисташна алапа, гонорар луш хила а. Оцу статусна кIел болу хаамийн гIирс декхаре бу шен информаци «арахьарчу мехкан агент» цIе тIетохарца билгалъяккха.

Пачхьалкхан Думехь кху муьрехь тIеэца тарлуш бу «Арахьарчу мехкийн агентех» долу низам талхорна тухучу гIудин барам. Проекто бахарехь, детта гIуданаш хир ду 5 миллион соьме кхочуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG