ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонерчу ХIайнгейт кешнашкахь дIавоьллина Буковский Владимир


Буковский Владимир
Буковский Владимир

Лондонерчу ХIайнгейт кешнашкахь дIавоьллина Буковский Владимир, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн Оьрсийн сервисо.


Лондонехь шинарин дийнахь дIавоьллина Советан заманахь политикан тутмакх хилла, диccидентийн боламан вевзаш волу векал, публицист, яздархо Буковский Владимир.

Иза велла кхушара ГIадужу-беттан 27-хь. Буковский дIавоьллина ХIайгейт олучу историн кешнашкахь, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Иза дIаволлале гIуллакх дира православин килсан мозгIаро – иза бара веллачун гергарчу нехан лаам. "Солидарность" боламан байракх яьхьира Буковскийн дакъа чудиллинчу яьшкана тIаьхьа Польшин делегацино. Цуьнан векало дIадийшира Польшин премьер-министран Моравецкий Матеушан дӀасакъастаран къамел тIехь долу кехат.

Кошан уллехь къамел дира иштта Варшаван университетан векало а. Буковский Владимиран книгаш зорбане йохош яржайора Польшехь коммунистийн раж йолчу хенахь, къайлаха зорба а тухуш (самиздат).

Дуьненаюкъарчу французийн радионо бинчу хаамца, "Буковскийн тIаьххьара Iодика еш къамелаш дира Советан пачхьалкхан лагершкахь хан текхна волчу Джемилев Мустафас а, нохчийн политикан эмигранто, инарло Закаев Ахьмада а, хилла болчу диссиденташа а, белоруссин оппозицин векалша а, молдаванийн а, румынийн а цхьаьнатохараллийн векалша а, Британин университетийн гонашкарчу наха а, Лондонерчу Советан эмиграцин юкъараллан векалша а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG