ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна урс диттинчу Бериев Илесан кхел йирзина


Москварчу Тверь-кIоштан кхело набахтехь 6 шо даккхийта сацам бина 18 шо долчу нохчочунна Бериев Илесна, хаамбо "Кавказ.Реалиино".

Иза бехкевина Москвахь Словакин векалтна уллехь полицин белхахочунна тIе а летта, урс деттарна.

Ткъа 9 шо дара Бериевна прокуроро «дехнарг».

2018-чу шеран аьхка Москварчу 1-ра Брестская урамехь, полисхочунна ша урс диттича, оцу меттера ведда хилла кIант, кара а вина, гергарчара дIавеллера Iедале. «Низам лардечу хьукматан белхахочунна дахарна тIекховдар» олучу бехкаца жоьпе озийра Бериев.

Ша Iедалхочунна тIелаттале хьалха, цхьа а бахьана а доцуш, урамаш лардеш лелачу цхьана полисхочо йиттинера шена, иза доьхкуш дира ша шегара даьлларг, бохура Бериевс кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG