ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера а, Шемара а цIабалийначех официалан терахьаш цхьатерра стенна дац?



Материал вовшахтоьхнарг казахийн Азаттык Радио

Азаттык Радиога Къоман Кхерамзаллан Комитето (КНБ) кхачийначу терахьашца, Иракъера а, Шемара а 277 зуда а, божарий а, 547 бер а цIа далийна. Ткъа и терахь мел а совъэккхаш ду, пачхьалкхан "Жусан" аьллачу леринчу операцица арабаьхначийн терахьца дуьстича.

Кху карарчу заманчохь Шеман дозан тIехь 90 сов Казахстанан вахархо ву, шайлахь 63 процент зударий а болуш. Царех а 15 (ши борша стаг а цхьана) мухIажирийн каппашкахь а, набахтешкахь а сецош бу. Кхин а ялх зуда Иракъехь лаьцна ю. Азаттыкан дехарна цу кепара жоп даийтина къоман кхерамзаллан комитето.

КНБ-н зерашца, Шемара а, Иракъера а Казахстанан Iедалша эвакуаци йина 220 зудчунна а, 57 боршачу стагна а, 547 берана а.

Доьду шо карадеачхьана, "Жусан" операцин гурашкахь Казахстано цIа кхийла болийра Шемара а, Иракъера а шайн бахархой. ХIора операци йирзинчул тIаьхьа пачхьалкхан президенто Токаев Касым-Жомарта хаам а беш, терахьашца дIакхайкхадора даймахка балийначарех. Ткъа "Жусан" операци дIахьош цIабалийначех а, кхерамзаллан комитето Iорадаьхна терахьаш а бIостане ду. 118 баккхийнаш а, 190 бер а совдолу.

Бахархошна эвакуаци еш ю
Бахархошна эвакуаци еш ю

2019-чу шеран Дечкен-беттан юьххьехь Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана (Заздоккху-баттахь урхалхочун декхарш охьадехкира цо) дIакхайкхийра, Шемара 47 стаг, шайлахь 30 бер а долуш цIа балийна шаьш аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 10-чохь президенто Токаев Касым-Жомарта хаамбира, "Жусан-2" дIахьочу операцехь Казахстанан 231 вахархо, 156 бер цхьана а долуш, шаьш кIелхьарбаьхна аьлла.

Оццу Стигалкъекъа-беттан 28-чуьра 31-чу дийне кхаччалц йолийначу "Жусан-3" операцин гурашкахь 67 зудчунна а, 171 берана а эвакуаци ян аьтто баьлла шайн аьлла цара. Беттан тIаьххьарчу дийнахь Токаев Касым-Жомарта дира цунах дIахьедар.

Кхаа этапехь дIаяьхьначу "Жусан" операцехь 159 воккханиг а, 357 бер а далийра Казахстане. "Жусан" операци йолаяле Казахстано шайн бахархой цIа балош лерина операцеш вовшахтоьхна бохуш, информаци яц.

Делахь а, къоман кхерамзаллан комитето Iорадаьхначу терахьаша гойту, Казахстанан бахархой "Жусан" операци дIа а яхьале цIабахка буьлабелла хилар.

Стохка Заздоккху-баттахь КНБ-н куьйгалхочун гIовса Билисбеков Нургалис хаамбира, Шемахь тIеман конфликт йолаелчхьана Казахстане юхавеана 112 вахархо (61 стаг а, 51 зуда а) веана аьлла. Цул совнах, мухIажирийн каппашкара а, Гергарчу Малхбалерчу террорхойн тIеман базашкара а пачхьалкхе дерзийна 81 бер.

2011-2012-чу а шерашкахь буьйлабелира Казахстанан бахархой Шема а, Иракъе а дIаэха. 2013-чу шеран гурахь Казахстанера Шема дIабахначу жихIадхойн YouTube-хь яьржинчу видеоно тидамбайтира цигарчу ситуацин. ТIаьхьо церан дайша а, наноша а хаамаш бора, "жихIаде" дахна шайн бераш дайина бохуш. Цул тIаьхьа дехарш дора шайн доьзалхой а, кIентех бисина зударий а, бераш а цIадерзош гIо дахьара бохуш.

2017-чу шарахь Казахстано низам юкъадалийра, мехкан къоман коьртачу интересашна зенаш деш, терроран кепехь зуламаш лелийнарш шайн пачхьалкхан бахархой болчуьра дIабохуш.

2019-чу шеран Дечкен-баттера схьа дуьйна масех «Жусан» лерина операци юкъаяьккхира Казахстано, шайн Иракъера а, Шемара бахархой цIаберзон Iалашонца. Казахстан йоцург а, кхин а Юккъерчу Азин пачхьалкхаш а йолаелира цу кепарчу операцешца шайн нахана эвакуаци ян.

Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа Лахьан-баттахь дIахьедира, Шеман къилбаседанехь туркойн эскарша йолийначу операцехь 300 гергга кхечу пачхьалкхашкара нах лецна шаьш, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршкахь хилла бу аьлла шеконашца.

ТIаьхьо 956 даIишхочунна, кеп-кепарчу пачхьалкхийн бахархошна депортаци ян куц ду шаьш аьллера Туркойчоьно. Пачхьалкхан хаамийн гIирсаша яздира, царлахь Казахстанан 10 вахархо а, 82 узбекистанхо а, ГIиргIазойчоьнан 23 вахархо а, Туркменистанан 6, Оьрсийчоьнан 99 вахархо а ву аьлла.

Ишта туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа дIакхайкхийра хьалхо, туркойн набахтешкахь ши эзар, ах эзар гергга "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин декъашхо ву аьлла.

Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана элира, Туркойчоь даIишхойшна "хьешан цIа" дац, уьш схьабаьхкинчу мехкашка дIахьовсор болуш бу шаьш аьлла.

Шемара Казахстане балийначу нахана тIехь кхелан процессаш йолийна Нур-Султанехь ГIадужу-баттахь. Уьш бехкебо террорхойн тобанех дIакхетарна а, дозанал а арахьарчу тIамехь дакъалацарна а, терроризмна пропаганда а еш, цунна ахча латторна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG