ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латтанаш нийса цалелочаьргара дIадаха доллу Нохчийчуьра Iедал


Хьатташкара, хьаннашкара латта кара а эцна, цу тIехь дан леринарг кхочуш а ца деш бехачу хьолахошца ша бина хилла барт юхабаккха лерина ду Нохчийчуьра Iедал. И болх тIебогIучу беттан 15-чу дийнахь дIаболор бу, аьлла спикера Даудов Мохьмада министрашца, хьуьнан бахаман куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь.

Ялта, я даьхни шаьш кхиор ду, аьлла, латта кара а эцна, цунах, Iедалца бийцаребина а боцу пайда боккхучех лаьцна масалш далийра гулбеллачара.

Латтанашна ревизи ян ша векалвинарг мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву, ша цуьнан омра «дуьззина кхочуш а дийр ду», аьлла Даудовс, кхеташо ерзош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG