ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан сенатор вина 2 шо хьалха къинхьегаман министран даржера вохийначу Ахмадовх


Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташоно Нохчийчоьнан сенаторан дарже дIаэцна Ахмадов Мохьмад, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Пачхьалкхан гIуллакхехь дуккха а белхаш бина, шерашкахь къинхьегаман министр Iийна, алссам зеделларг долуш ву Ахмадов, боху Кадыровс ВКонтакте машанерчу шен агIонтехь.

«Тешна ву, Мохьмад Исаевич жигара чувоьр ву Федерацин Кхеташонерчу балханна, Нохчийчоьнан хьашташка хьожуш, цунна боккха пайда бохьур бу цо цигахь. Ахмадов Мохьмадан кандидатурехьа хиларна ас даггара баркалла олу Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан куьйгалхочунна Матвиенко Валентинина», - яздина цо.

ХIинца Ахмадовга кхаьчначу меттехь Iийна Сабсаби Зияд а хастийна Кадыровс, дарж дика дIалелорна.

Лурчах къинхьегаман министран даржера дIаваьккхира Ахмадов Мохьмад, машенийн спортан федерацин президентан гIант бен ца дисира цуьнгахь. Нохчийчоьнан пенсийн фондан куьйгалхо ву цуьнан ваша Мохьмад-Эми.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG