ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элистахь мэр лаьттинарг лаьцна кхаъ эцарна


ГIалмакхойн коьрта шахьарахь Элистахь мэр Iийна Намруев Вячеслав лаца магийна прокурораша, цо ша даржехь волуш нахера кхаъ эцарца йолчу шеконца. Хаам баржийна цунах лаьцна ГIалмакхойчуьрчу Талламан комитетан урхаллин пресс-гIоьнчалло кхаарийдийнахь.

"Кхеле чуеллачу бехктакхаман материалашца а дузуш, изоляторе хьажийна Намруев», - аьлла ю информаци.

Хаамехь бахарехь, Намруевца цхьаьна бехктакхаме озийна Элиста гIалин кхеташонан депутат Мальмаков Игор а – шен цIахь лаьцна латтор ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG