ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин хиллачу президентан кIант урс тоьхна вийна Берлинехь


Берилинера вполици
Берилинера вполици


Германин хиллачу президентан фон Вайцзеккер Рихардан кIант урс тоьхна вийна Берлинехь иза коьрта лор болх беш волчу дарбанан цIийнехь, хаам бина полицино кхаарин дийнахь. Цунах лаьцна яздо "Ассошиэйтед Пресс" агенталло

Schlosspark-Klinik-хь 57 шо долчу немцочо, уьрсаца тIелатар дина фон Вайцзеккер Фрицана шинарин сарахь. Цу чохь хилла полисхо дуьхьало ян гIоьртина тIелатар динчунна. Еза чов хилла иза, операци а йина, охьавиллина ву дарбан цIийнехь.

Фон Вайцзеккер велла оццу меттехь, белхан накъостий цунна гIо дан гIерташ а болуш, аьлла хаам бина Берлинерчу прокуратуран векло Стелтнер Мартина.

Цо дийцарехь, цIе ца яьккхина волу зуламхо коьртаца цамгар йолуш ву. Таллам чекхбаллалц аьлла леррина кечйинчу меттехь латтош ву иза. Цуьнан цкъа а юкъаметтиг еана ца хилла фон Вайцзеккерца, амма, гарехь, лоьран "доьзал цабезаш хилла цунна", аьлла Стелтнер, кхин кIорге а ца кхийдаш.

59 шо долу Вайцзеккер Фриц кIант ву уггар немцоша лоручу Германин президентан. Фон Вайцзеккер Рихард пачхьалкхан куьйгахо хIоьттира Малхбузен Германин 1984-чу шарахь, ткъа мохк цхьаьнатоьхначул тIаьхьа, иза президент хилира керлачу къоман. Цу даржехь фон Вайцзеккер висира 1994-чу шаре кхаччалц. Велла 2015-чу шарахь.

Политикаш а, белхан накъостий а Iадийна бу цу тайпа эхь дайна адам дерна. Германин канцлеро Меркель Ангелас кадам бина кхелхинчуьнан хIусамнене а, доьзале а.

Фон Вайцзеккер дешна а, болх бина а вара маситта дарбанан цIийнехь Германехь а, махкал арахьа а, шайна юкъахь Бостонера ХIарвардан медицинан школа а, Цюрихера дарбанан цIа а долуш.

Шинарийн дийнахь иза лекци йоьшуш вара, кхузаманахь шуьйра яьржаш йолчу доIахан хьоналлин цамгарх лаьцна. Лекци ладогIа луучунна схьайиллина яра, ткъа меттигерчу зорбан гIирсаш хаам барехь, аудитори чохь хила лоьран маситта белхан накъост.

Фон ВайцзеккергIера доьзал уггар гIарабаьллачерах бу Германехь. Фон Вайцзеккер цу махкахь, уггар везачу президентех цхьаъ хилла ца Iаш, уггар лоручу президентех цхьаъ вара.

1985-чу шарахь тIом чекхбаьлла 40 шо кхачарна хьажийна къамел деш цу хенахь президент волчу фон Вайцзеккера элира ницистийн эшам Германи маьрша яларан де ду аьлла. Дуькхаха болу немцой тIетайра президентан дешнашна, ткъа цо дина къамел тахана а даладо политикаша, иза иштта Iамош ду школашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG