ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Изоляторшкахь бахкочу гIалгIайн жигархоша орца доьху шайн мехкан куьйгалхочуьнга


Чемурзиев Бараха, Мальсагов Мусас, Нальгиев ИсмаьIала, Хаутиев Бахьавдина, Саутиева Зарифас, Магасера шайн гулам бохо хьажийначу полицина дуьхаьлоярна лецццарх, ГIалгIайчоьнна гонахарчу мехкийн изоляторшкахь латточу жигархоша, кхайкхамбина шайн республикин куьйгалхочуьнга Калиматов Мохьмад-Iелига. Цунах лаьцна хаамбина «Кавказ. Реалиига» жигархойх цхьаьннаy адвоката Абубакаров Мохьмада.

Жигархоша дагадоуьйту шаьш лецна борхIалгIа бутт хилар, яздо, шайн бехк зуьйш талламчаша бечу балха тIехь шайна харцонаш гучуюьйлу, бохуш.

«Тхо ду юкъараллийн куьйгалхой, хьехархой, юристаш, синбахам Iалашбечу меттигийн белхахой. Ца дина оха зуламаш, амма пачхьалкхан мостагIашца санна ю тхоьца юкъаметтигаш», - боху «Кавказ.Реалиига» кхачийначу дIахьедаран копи тIехь.

Таллам низам а талхош дIахьо, «тхуна тIехь таIзар стенгахь латто деза шаьш-шайггара къастадо талламчаша: ГIебарта-Балкхаройчуьрчу, ХIирийчуьрчу изоляторшкахь кхобу тхо, кхолламаш къастабо тхан Ставрополерчу кхелаша», «нийса дац ГIалгIайчуьра иттаннаш махкал арахь жоьпалле а ийзабойтуш, ГIалгIайчуьра Iедал юьстахлаттар», оцу суьрто бойур бу гIалгIайн шайн Iедале болу тешам, къам эгIор ду Iедалца, яздина жигархоша.

Адвоката Абубакаров Мохьмада дийцарехь, лецна латтораш «кхета талламчийн, кхелийн балха юкъагIерта бакъо мехкан куьйгалхочун йоцийла, амма ю цуьнан куьйга кIел лецначаьргара хьал тидамехь латто а, шен хьукматийн ницкъашца талла а, мехкан куьйгалхочунна ган деза шен махкахойн бакъонаш хьоьшуш хилар, иза кхеташ хила веза лецна латтораш муьлхачу бахьаница халкъанна юкъара дIабаьхна».

Яхначу бIаьста Магасехь гуламе бевлира Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний дозанаш билгалдохуш Iедалхоша хIоттийначу бертан документна резабоцу бахархой. ХIетахьлера мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек даржера дIавала веза, дозанах дерг юхакъасто деза, бохура протестхоша. Амма гулам шолгIачу дийнахь дIасалаьллира Iедало. Оцу муьрехь полицин белхахошна дуьхьаллаьттина, летта аьлла, лецна, изоляторшкахь латтош ду жоьпе ийзийначу 35 стагах цхьа дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG