ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Корта а баьккхина, вагийна". Къизалла лелийнарш хила мега "Вагнеран ЧВК-ан" декъашхой


Шема, Гайтаман сурт
Шема, Гайтаман сурт



Шемахь, къиза хьийза а вина, стаг вийнарш хила мега Оьрсийчуьрчу "Вагнеран долахь йолчу компанин" декъашхой. Царах цхьа наёмник мила ву хиъна "Новая газетана". Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

"Новая газето" дийцарехь, иза ву Станислав Д. Фамили йоккхуш яц цуьнан доьзалан кхерамазалла ларъяр Iалашонца. "Вагнеран" тобанехь иза талламхо хилла, хаам бо журналистийн талламан авторо.

"Новая газетан" каро аьтто баьлла цу стеган паспортан копи а, цо шен куьйга яздина "Вагнеран ЧВК-н" кхерамазаллин сервисан анкета а, хаамаш баржор бац аьлла куьг таIийна документ а, автобиографи а.

Информацин цхьа дакъа журналисташа тIечIагIдина, хьадиллинчу хьастанийн хаамех пайда а оьцуш. Станислав Д. цIе йолчу стеган хIусамненера а, цуьнан беза-бевзачаьргара а цхьа а хIума хаа аьтто ца баьлла газетан.

Шема-пачхьалкхехь стаг хьийзош нах тIехь болу видео гучуелира 2017-чу шарахь. Цу тIехь церан яьххьаш гуш яц, амма хезаш ду цара оьрсийн мотт буьйцуш.

Кху баттахь социалан машанашкахь зорбане дехира цу видеон дисина дакъош. Царна тIехь гучувелира Станислав Д. цIе йолу стаг. Бисинчу Iазапхойн яххьаш гуш ю вийначу стеган докъана уллехь позе хIиттинчу церан даьккхинчу сурта тIехь.

"Новая газетан" журналисташа билгалдоккху шайгахь йолу материалаш шаьш дIаяла кийча хилар прокуратуре а, Талламан комитете а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а.

Iаьрбийн зорбан гIирсаша дийцарехь, вийнарг ву Аль-Абдул Мохьаммед Таха ИсмаьIил. Иза Шеман арме кхайкхина хилла, амма цигара ведда волу иза тIаьхьо лаьцна хилла. Хетарехь, иза вийна Шемарчу ХIомс провинцехь Шаир цIе йолчу мехкадаьтта доккхучу меттехь.

2017-чу шарахь бIаьста "Вагнеран ЧВК-н" тобано схьаяьккхира Шаир мехкадаьтта а, газ а йоккху меттиг иза ларйеш хиллачу "Исламан пачхьалкх" тобан декъашхошкара.

Иза тIечIагIдина ду Шеман пачхьалкхан инарлин мехкадаьттан корпорацино а, Оьрсийчоьнан "Евро Полис" компанино а тIеэцначу барт хиларан протоколехь, къастийна "Новая газето".

Болчу хаамца, Оьрсийчуьра "Евро Полис" компани йоьзна ю "Путинан кхачанхо" аларца вевзачу бизнесхочун Пригожин Евгенин структурашца.

Шеман Iедалан урхаллашца бинчу бертаца, цу компанино шена тIелаьцна тIемалошкара мехкаьдаьтта долу меттигаш схьа а яьхна, уьш ларъяр. Цунна дуьхьал цу компанина луш ю цигахь доккхучу мехкадаьттан а, газан а 25%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG