ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестананера депутат: "Со безамах ловзуш яц"


Йишлакхархо Айсаева Iайшат
Йишлакхархо Айсаева Iайшат


Материалан автор Гафурова Марият - "Кавказ.Реалии"

Коллегас-артиста Айсаева Iайшата йиш лакхар бахьана долуш бехкаш даьхна депутаташкара

Махачкаларчу Кировн кIоштан куьйгалхочо Сагидов Салихьа емалбина депутаташ, меттигерчу администрацин гIишло чохь "Единая Россия" партин керлачу коллеган Айсаева Iайшатан леларна тIехула. Де хьалха кIоштан парламентан декъашхо хIоьттинчу йишлакхархочуьнгара шога бехкаш даьхна интернетехь.

Сагидовна ца тайна администрацин хIусам чохь, стоьл тIе вота а етташ, жимчу зудчо: "Хаалахь, со безамах ловзуш яц хьуна" бохуш, йиш лакхар. Депутаташа куьйгаш а детташ, тIеоьцу цо хIоттийна кеп. Социалан машанашкахь яьржина видео.

"Кеп-кепара говзаллаш йолу нах кIоштан гуламехь гулбар вон гIуллакх дац, амма депутата стоьл тIе вота а етташ, йиш лакхар - товш доцург ду. КIоштан депутаташка дехар дара сан, цу кепара видеош ма яржаяхьара аш, йа цу тайпа суьрташ а ма хIиттадахьара", - яздина кIоштан урхалхочо Инстаграмерчу шен пена тIехь.

Оцу дешнашца вистхилла Сагидов кIоштан администрацин кхеташонехь а. Этика ца хууш хила а тарло йишлакхархочунна, амма уггар хьалха ша бехк боккху депутаташкара, пачхьалкхан хьукмат чохь цу тайпа "концерт" хIоттаяйтина болчу аьлла, билгалдоккху хьаькамо.

"Кхин проблемаш яц кIоштахь? Цунна ца хууш хила а тарло, амма цигахь 20 сов депутат ма ву иза йоцург а", - боху Сагидовс.

Социалан машанашкахь бахархошна цатайнарг кхин ду. Массара а бохург: "спортхошна тIаьххье политике артисташ а баьхкина" ду. Мел а "жигара бевлла нах, царна интересе ду, мила ву депутатийн гуламашкахь хаа", бохуш, дийцаредо Дагестанерчу Атаев Эдуарда.

Ишта критика йина керлачу депутатна, Халкъан гуламан спикерна Шихсаидов Хизрина хьестаяларна а, хIунда аьлча, мандат шен кара ма кхеччи, уггар а хьалха Айсаева баркаллаш баха йолало цунна.

"Сох тешам хиларна баркалла "Единая Россия"@er_dagestan. Даггара баркалла ала лаьа вайн хьомечу, ларамечу Шихсаидов Хизрина а", - яздина Айсаевас Инстаграмехь.

"Кавказ.Реалиига" юкъаралхочо Гасан-Гусейнов Муслима дIахьедарехь, Дагестанан бахархой оьгIабахар Айсаева Iайшатца доьзна дац, "хьаькамаша майдана гулбийраш мискачу нахаца бала боцу нах хилар ду".

Ткъа ша йишлакхархо-депутат реза ца хилира, социалан машанашкахь шегара бехкаш дахарх "Кавказ.Реалии" портална комментари яла. "Интернетерчу деса къамелашна яйа хан яц" шен аьлла цо.

Делахь а, цуьнгахьа гIо даьккхина Махачкаларчу Кировн кIоштан депутатийн гуламан куьйгалхочо Абиева Эльмирас. Шайн белхан хан чекхъяьллачул тIахьа яьккхина ю боху цо, Айсаевас йиш локху видео. "Сесси йирзинчул тIаьхьа депутаташ вовшахкхета чай молуш, тайп-тайпана къамелаш а деш. Оцу цхьанакхетаро адамийн барт бо, юкъаметтигаш латтайо", - аьлла, тешна ю спикер.

Цо бахарехь, криминале хIуммаъ дац Айсаеван леларехь. Профессионале йишлакхархо ю иза, Дагестанан республикан хьакъйолу артист ю, пачхьалкхан филармонин иллиалархо а ю, дийцина Абиевас.

"Тхан депутатийн корпусехь Айсаева Iайшат хиларх даккхийде тхо. ЧIогIа хIайт аьлла йоI ю иза, дуккха а мехала гIуллакхаш до цо, сагIанаш доху, кеп-кепара барамаш вовшахбетта. Цунах жигара депутат хир ю аьлла, догтешна ду тхо. Еаридийнахь депутатан мандат делла цунна, ткъа шоьтадийнахь тхоьца Эльтаван хьуьнхахь синтарш дугIуш ю иза", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" Абиевас.

Цо дийцарехь, 2015-чу шарахь "Единая Россия" партин резерве нисъеллера Айсаева. Кху деношкхаь хенал а хьалха цхьахволчу депутато шегара декхарш охьадехкича, мукъадаьлла мандат цуьнга кховдийна.

Ткъа Махачкаларчу Советан кIоштан депутатна Луговой Русланна хетарехь, гIоьналлин гIуллакхаш дийцар кхузахь догIуш дац. "Тахана депутатера, меценатера йа спонсорера санна, доккхачу декъанна оьшург ахчанца гIо ду. Ткъа и нийса дац", - боху "Кавказ.Реалиига" Луговойс, депутат даим а субботникашкахь лела везаш вац, низамаш юкъа а дохуш, уьш кхочушдарна тIехь терго латто езаш ву аьлла, билгалдоккхуш.

Муниципалан депутаташка бисина тешам байина ца Iаш, регионерчех а бIаьрг бадийтина, йишлакхархочунна мандат а делла аьлла, тIетоьхна Луговойс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG