ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен бер дерна кхел йийр ю Дагестанерчу зудчунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанан Кизил-Юьртан кIоштарчу Чонтаулерчу яхархочун дов, теллина а даьлла, кхачош ду кхеле. «Кавказ.Реалиис» хьалха хаийтина ма-хиллара, Чонтаулехь яйна 6 шо долу Акбулатова Айзант йийна карийра Хасу-Юртанна гергарчу Костекехь, хи йистехь, иза лоьху кхо де даьлча, Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь.

Талламчаша дIадаьхьначу зераша гайтарехь, йоI йийнарг ю цуьнан нана. Дагестанерчу Iедалхоша дийцарехь, цо иза йийна «кхетош-кхион, кхаба лаам бацарца доьзна».

Талламо кхеле хьовсийначу документаша чIагIдарехь, шайн цIенна юххехула долучу хичохь дийна бер зудчо, ша динарг хьулдина цул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG