ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс, нах байа, аьлла, бина кхайкхам зер дехна Талламан комитете «Мемориало»


Ша сийсазвеш интернетехула къамелаш ден нах байа, леца, аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гоне кхакхамбар таллар дехна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бакъоларъечу «Мемориал» центро а, Москварчу ХIельсинкин тобано а шаьш динчу дIахьедарехь. Оцу хьокъехь хаамбина "МБХ медиа" редакце «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега.

Дуьххьара дац Кадыровс нах емалбар, царна кхерамаш тийсар, дуьххьара дац бакъоларъярхоша Талламан комитете иштаниг тидаме эца бахар а, шайн «цхьа а дегайовхо яц» Кадыровгара жоп доьхург хиларх, амма шаьш «декхаре ду и жоп дехийта гIерта», аьлла Орловс.

Деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхошка къамелдеш, Кадыровс элира, "интернетехула питанаш лелош йолу хIуманаш, яйина а, чуйоьхкина а, кхерийна а, совцон еза".

ТIаьхьо, бехказволуш, цо дийцира, деккъа дIа дашна олуш ду нохчаша стаге «ас хьо вуьйр ву», ша ца боху баккъал а цхьаъ вен, аьлла.

Бакъоларъярхоша шаьш Бастрыкине дахьийтинчу дIахьедарехь боху, зуламе ду и тайпа кхайкхамаш бар, Нохчийчоьнан куьйгалхочо йожайо республикан а, федералан Iедалан цIе, гойту пачхьалкхерчу низамех, конституцин хIоттамах, демократин мехаллех ша вешаш воцийла. ДIахьедардинарш тешна бу Кадыровс аьллачо цунна критика еш мел ечун дахар кхерамна кIел хьош хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхоша иштаниг аьллачул тIаьхьа стаг вийна, вайна, лазийна меттигаш дукха ю, боху «Мемориало».

Президентан администрацино толлур дац Кадыровс хIун аьлла, иза «ца теша нохчийн маттера гочдинчух», низамхойн болх бу иштаниг таллар, элира деношкахь Путинан пресс-гIоьнчас Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG