ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кадыровс кхочуш цадинарг» хьехадо ерриг а ГIиргIазойчоьно тергалдечу девнехь


Экс-президент Атамбаев Алмазбек
Экс-президент Атамбаев Алмазбек

ГIиргIазойн президента Атамбаевс барт бина хилла Кадыровца, ша набахтехь воллу Батукаев дIа а хоьцуш, вукхо – цуьнга Оьрсийчохь лечкъаш лела экс-президентан Бакиевн ваша дIа а луш

Къоман Кхерамзаллин кхеташонан куьйгаллехь лаьттина Атаханов Шамил а, экс-президент Атамбаев Алмазбек а левина, шаьш Iедалехь болуш цара «ГIиргIазойчоьнна тешнабехк бар» зуьйш болчу талламчаша.

Атахановс, Атамбаев дуьхьал а волуш, дийцина, шераш хьалха ГIиргIазойчохь хан а тоьхна, набахтехь латтош волу тутмакхийн авторитет, нохчо Батукаев Iазиз мукъаваккхар шайлахь дийцаредира Атамбаевс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, аьлла. Цара бартбира Оьрсийчохь лечкъина веха экс-президентан Бакиев Курманбекан вешех Бакиев Жаныбеках Батукаев хийца, чIагIдо Атахановс. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Кокшетау Азия" портало.

Кадыровнний, ГIиргIазойчоьнан президентанний къамел хиллачул тIаьхьа шена тIедиллира Батукаев набахтера аравоккху операци дIаяхьар а, Бакиев ГIиргIазойчу кхачор а, аьлла Атахановс.

ХIетахь, 2013-чу шеран бIаьста, гIиргIазойн Iедало кхочушдина шаьш Кадыровна делла дош, амма вукхо Бакиев Жаныбек ца велла гIиргIазошка дIа. Информаци Iораялар бахьана долуш, Бакиев кхиина Оьрсийчуьра ведда, Iаьрбийн Эмираташкахь къайлавала.

2013-чу шарахь Нарын-кIоштан кхело сацамбира Батукаев Iазиз набахтера арахеца. Цомгуш ву, рак-цамгаро лечу кхачийна, аьлла, лоьраша кехаташ а кечдина, хеназа мукъавалийтира тутмакх. Набахтера ара ма-валлара, аэропорте а кхачийна, цхьаьннан доларчу кеманца Нохчийчу дIавигира Батукаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG